ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лесин муха велла хаа лаьа Кремлна


Оьсрийчоь -- Лесин Михаил, ГIад. 7, 2013
Оьсрийчоь -- Лесин Михаил, ГIад. 7, 2013

Стохка гурахь Iамеркехь велла карийра Оьрсийчоьнан зорбан министр хилла волу Лесин Михаил. ХIинца иза валаран бахьана коьртах хIума еттар ду аьлла дIахьедина Вашингтонан суьдан медицинин экспертизийн урхалло.

Цо динчу дIахьедарца, Лесинан дегIа тIехь а, когашна тIехь а лазоран ларш ю. ДIахьедарна тIехь аьлла ду таллам дIабоьдуш бу аьлла.

Лесин Михаилан дакъа карийнера Лахьан-беттан 5-чу дийнахь, Вашингтонерчу "Дюпонт" отелехь. Цу хенахь дуьйцуш дара иза вийна хиларан ларш яц бохуш. Путин Владимиран герга хилла Оьрсийчоьнан Iедалхо валаро цхьацца версеш яржийнера Лесин вийна цо Iамеркан Федералан талламан бюроца юкъаметтигаш лелор бахьана долуш аьлла.

Лесин Михаил Оьрсийчоьнан зорбанан министр вара 1999-2014- шерашкахь. Цул тIаьхьа 5 шарахь Путинан гIонча вара иза. Ткъа 2013- шарахь дуьйна Лесина куьйгалла деш яра «Газпром-медиа холдинг». Лесин муха велла бохучух лаьцна хаам баре ладоьгIуш ю Кремл аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан президентан зорбан-секретаро Песков Дмитрийс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG