ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вовшахлеттарш маслаIате балош ю Вена


ОвхIанхой нохчийн кхиазхойн тобанах леттачул тIаьхьа, Австрера вайнехан кегирхой бекхам бан арабовларх ларбан гIерта цу махкара вайнехан къаной.

Нохчийн кхиазхошна тIелатар а дина, царна арсашца а, ирйинчу дечигашца а, эчигашца а чевнаш йинчу овхIанхой лахарехь а, лийцарехь а жигара болх беш ю Венера полици. Юкъаралле а вуно йоккха IалагIож яьккхина долу и тIелатар иттех де хьалха, зазадоккху беттан пхеалгIачохь хиллера.

ХIетахь, Маршо радионо хьалхехьо дийцина ма-хиллара, кегирхойн, Iедалан социалан педагогаша деш Iуналла а долуш, ишколах мукъахан ловзаршца а, вовшашца марзо эцарца а йоккхучу Югентцетрум олучу кхерчахь хан а яьккхина, цIабаха арабевллачу нохчийн 12 шарера 17 шерашка кхаччалца болчу кхиазхошна тIелатар динера арахь цаьрга лерина хьоьжуш хиллачу овхIанхойн тобано.

Масех минотехь бен дахцаделлачу латарехь иттех нохчийн берана къиза йиттинера цара, ворхI кхиазхо дера чевнаш йина лоьрийн цIийне а кхачош.

И хилам австрихойн юкъараллехь а, нохчийн а, овхIанхойн а диаспорашка а вуно IалагIож яьккхина болу, цхьана агIор толлуш полисхой бу, цу Iалашонца лерина кхоьллина зондер-тоба а йолуш.

Вукху агIор, хилларг хIун ду къастош а, шинна агIорчу кегирхошка кхин дIа а тийсадаларш ца дайта, ткъа иштта йоллучу Австрера цу харцоно ира-кара хIиттийна болу нохчийн кегирхой бекхаман акцеш ян гIортарх юхатоха а Iалашонца къахьоьгуш бу Венера къаной а, диаспорин жигархой а.

Иштта, даханчу деношкахь хаддаза цхьаьнакхетарш а, дагадийларш а дIахьош яра Австрерчу нохчийн-гIалгIайн Кхеташо, шен коьртехь Мусалатов Шайхи а волуш.

Даханчу деношкахь Кхеташонан векалша цхьаьнакхетарш дIадаьхьира латаршкахь декъа хилла, я церан тешаш хиллачу нохчийн кхиазхошца а, церан дай-наношца а.

Цул совнаха, Iедална белхахошца а, адвокаташца а цхьаьнакхийтира уьш. Шайн рогIехь, Венерчу овхIанхойн диаспорин векалш а, церан дешна нах а, маьждигийн имамаш а бара Кхеташонца зIенехь, хилларг маслаIатаца дерзон лууш а, нохчийн а, овхIанхойн а кегирхошна юккъехь тIейогIучу хенахь цу кепара Iотта-баккхамаш ца хилийта некъаш лохуш а.

Нохчийн-гIалгIайн Кхеташонан куьйгалхочуо Мусалатов Шайхис дийцира Маршо радионе, шаьш бинчу белхан жамIех лаьцна а, ткъа иштта карарчу хенахь лазийначеран хьолах лаьцна а.

Мусалатов: „Оха бинчу белхан жамIа деш, масех хIума билгалдаккха йиш ю. Тхо цкъа хьалха цу латарехь лазийначу берийн дай-наношца цхьаьнакхетта, царна хIун хета, муха дерзон реза бу уьш хаа лууш. ШозлагIа делахь, тхо цу декъа хиллачу берашца а масийтаза цхьаьнакхетта, цигахь хилларг къастош, толлуш.

Кегирхошна хIун лаьа, цара хIун боху ладугIуш а ду тхо. КхозлагIа делахь, дешначу нахаца дага а девлла тхо, хиллачун хьукма муха ду къастон. Австрехь тоьллачу адвокатаца зIене а девлла, цуьнца дагадовлуш, болх беш а ду тхо“.

Цу юкъана вуно чехкачу боларца нохчийн кхиазхойх леттарш лохуш бу Венера Iедалхой. Иштта мукъаденошкахь церан каделира тIелатарехь декъа хиллачех кхин шиъ овхIанхо лаца. Полицин векало Айденбергера Паула журналисташка динчу дIахьедарца, и шиъ 18-ий, 20-й шераш долуш ву.

Латарш хиллачу меттехь шаьшшиъ хиларна цара мукIарло динехь а, амма дацаре до цу шиммо шаьшшиъ цу декъа хилар. Царел совнаха цкъачунна лаьцна кхин ялх стаг ву, латаршкахь декъа хиларна шеконна талламаш чекхбовллалца набахте воьллина.

Цара а массара а изза чIагIдо, шаьш цу сарахь Iотта-баккхам хиллачу меттехь дара, амма леташ дакъа ца лецира шаьш бохуш. Бакъду, и зулам хиллачу меттера полисхошкахь вуно дукха видеош а, сартийн материал а хиларна, латар долийнарш а, цуьнан декъахилларш а къастор кхин дукха хьелур долуш дац, Iедалхоша чIагIдарехь.

Кхин дIа а чолхе ду хиллачун бахьана къастор аьлла билгалдаьккхира полицин векало шен къамелехь. Цхьаццайолчу информацица, овхIанхойн тобано жимма хьалха цхьана Iарбочунна йиттина хилла, ткъа цхьа нохчийн кхиазхо цу Iарбочунна тIе а хIоьттина, овхIанхойх летта хилла. Цунна дуьхьал шайна карабогI-богIучу нохчашна бекхам бан арабевлла хиллачух тера ду овхIанхойн кегирхой.

Амма иштта нохчийн диаспорехула лелаш ю хиллачун питана цкъачунна цхьанна а цIарца ца вевзачу оьрсийн жимчу стагца доьзна хилла боху верси. Цу оьрсийчоьно ира-кара а хIиттийна хилла шинна а агIор кегирхой бохуш дуьйцу цхьаццаболчара.

Амма царех бакъ-харц муьлхарниг верси ю къастор ду Венерчу Iедалхоша кесталгIа.

XS
SM
MD
LG