ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а къовсам хилла оршоьтадийнахь


Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташший, Оьрсийчоьй къовсалуш яра оршоьтадийнахь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Кхерамзаллин Кхеташонехь, талхийна ГIажарийчоьно дуьненан низам дукха хан йоццуш баллистикан ракеташ зерца я ца талхийна бохучунна гонах. Къевлинчу неIаршкахь дIахьочу оцу къамелехь Оьрсийчоьно дIахьедина, гIажароша шайн оцу зерашца ца талхадо низам, аьлла.

Амма Iамерко чIагIдо, баллистикан ракеташа зарратан герз дIасакхачо аьтто а ло, уьш зер харцо а ю, оцу бахьанийца ГIажарийчоьнна санкцеш дуьхьалхIитто а догIу, аьлла. ЦхьамогIа Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин декъашхоша харцйо Оьрсийчоь цо ГIажарийчоьнна ца догIу «адвокаталла» латторна.

Ткъа Оьрсийчоьнан оцу позицино новкъарло йо ТехIеранна низаме ялош къахьоьгучу дуьненна, боху Малхбалерчу хаамийн гIирсаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG