ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн йишин кIант вице-премьер


Нохчийчоьнан куьйгаллехь хийцамаш хилла. Министрийн кабинетан гIантден гIовс хIоттийна Кадыров Рамзанан 26 шо долу йишин кIант Закриев Якъуб. Хьалхо Закриев мехкан куьйгалхочун секретариатан хьаькам вара. Кавказан узел агентало эксперташка бинчу хеттамашца, лаккхарчу даржашка шен нах хIитторца, Кадыров Рамзана чIагIъйо шайн доьзалан позицеш.

Керла вице-премьер Закриев Якъуб вовзуьйтуш, Кадыровс билгалдаьккхира, шен йишин кIант "Iаламат хьекъал долуш, лаккхара Iилманца, болх барехь шортта зеделларг а долуш" хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG