ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эстемирова ер талларан меморандум Страсбургерчу кхеле чуелла


Шинарийдийнахь Европан Кхеташонан комиссара Мужниекс Нила Нохчийчохь журналист, «Мемориалан» бакъоларъярхо Эстемирова Наталья ер талларан хьокъехь меморандум чуелла Страсбургерчу Европан адамийн бакъонийн кхеле. Цигахь Эстемирован йишас чуделла а, толлуш долчу девнехь ша арзхойн агIо лоцийла хаийтина комиссаро.

Оьрсийчохь дов хIинца а теллина дацарца юзу Мужниекса шен гIулч. Нохчийчуьрчу таллачаша зулам дарца доьзна лаца кхайкхийна ву Башаев Олхазар, цо иза дина лору Iедалхоша Эстемировас ша кегийрхой тIемалойн могIаршка гулбеш ву аьлла даржорна а, зуда Iедална луьйш хиларна а. Амма и верси харцйо цхьаболчу бакъоларъярхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG