ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Савченкона кхел ю кхайкхош


Оьрсийчоь --Савченко Наджеда шена ечу кхелехь, Донецк, 21Заз2016
Оьрсийчоь --Савченко Наджеда шена ечу кхелехь, Донецк, 21Заз2016

Оьрсийчуьрчу кхело чIагIдо, Украинан тIеман кемалелорхо Савченко Надежда 2014-чу шарахь шайн махкарчу малхбалехь оьрсийн журналисташ бойъш декъахь хилла бохуш.

Оршоьтадийнахь бехкъасторхойн хьалханчас Степаненко Леонида еша йолийра вердикт. Кхело билгалдаьккхина, Савченкос шен «Iалашо иза а йолуш, цабезам, мостагIалла хьалха а даьккхина, дакъалаьцна шиъ, кхин сов адам дуьйш», аьлла.

Сацам Iорабаккхалц, вердикт официалан хаам лорийла дац, амма оьрсийн хаамийн гIирсаша сацам бина баьлча санна даржийна.

Прокурораша 23 шо набахтехь даккха кхайкхор дехна кхеле.

Ша лацарца дуьйна схьа, иза харцо а лоруш, юкъ-кара мацалла кхайкхош хан яьхьина Савченкос. Ша Донбассехь лаьцна, къайлах ялийна Оьрсийчуьрчу кхеле, чIагIдо украинахочо.

Оьрсийн ши журналист вийначу метте Украинан тIеман декъе герзаш тохийтинарг иза ю, боху талламчаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG