Дуьненаюкъарчу Суьртийн организацино бозуш боцчу фотографаша Лаьттан массо а агIонашкахь даьхна шеран тоьлла сурташ билгалдаьхна. Цхьадерш ду хIорш.
Sony World Photography Awards версин тоьлла суьрташ

1
Гангасагар – ХIиндойчоьхь дин лелочу наха уггаре еза лоручу меттигех ю. Эзарнашкахь нах гулло цига ялтанан Макара-санкранти дезде билгалдаккха. Маьлхе доIадеш ю зуда.

2
Буддистийн мозгIарш бу ло догIучу юкъанна лерринчу Iамалан бараме боьлхуш. Жимчу цхьана динан китайхой бехачу Лангмуси гIалахь хуьлу иза. Цигахь ах-бахархой бу тибетан буддисташ, шолгIа дакъа - бусалбанаш.

3
"Муьлххачу меттехь а, муьлххачу шерашкахь а адаман дегIо шен къаьсттина эс шеца леладойла хаийта воллура со. ДегIо цкъа а аьшпаш ца буьтту. Меже хIоразза а меттах хIовш, язйо цо шен истори, наха цуьнан ойла ца яхь а. Кху кхаа зудчуьнца ас болх бира хореограф а хилла Эланийн Балетан школехь" - боху фотографо.

4
"Жоьжахатин неI" олу газан Дарваза кратерх Турменистанехь. 45 шо ду иза йогу. Лаьтта бухахь есалла гучуелира 1971 шарахь мехкдаьтта, газ лохучу урхаллана. Даьккхинчу Iуьрго чудожийра цигахь лаьтта, иза дуьзира газах. Дийнахь а, буса а йогуш лаьцца цIе.