ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РогIерчу эккхийтарехь 40 сов стаг вийна Иракъехь


Иракъехь футболан стадионехь динчу терроран тохаро байинчу нехан терахь 40-нал совдаьлла, хаамбина Associated Press агенталло шоьтадийнахь БагIдадерчу ницкъаллин урхаллашна а, лоьрашна а тIе а тевжаш. 105 стаг ву лазийна. Талорна куьгбехкенаш бу, хаамбо, «Исламан пчхьалкх» олучу тобанера нах.

БагIдадна 50 чаккхарма гергайолчу Искандерие гIалина гергахь баьккхина и бохам. Толам баьккхинчу футболхошна совгIат доькъучу миноташкахь иккхина, ша-шен а вуьйш, зуламна араваьлла стаг. Хилам тIехь болуш яьккхина видео гайтира Иракъан телехьожийлаша.

ТIелатар емалдина Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино. Цуьнан Иракъерчу векало Кубиш Яна дIахьедира иза Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин цIарах. Искандериерчу куьйгалхоша бахарехь, кхиазхо ву беллачех 17.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG