ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Террорхой хиларна шеко йолчу кхаа стаге бехк кховдийна Белгин прокуратуро


Белги -- Брюсселан урамашкахь таллам дIахьош ю полици., 25 Заз. 2016.
Белги -- Брюсселан урамашкахь таллам дIахьош ю полици., 25 Заз. 2016.

Терроран тIелатарш деш дакъалаьцна хила мега аьлла лаьцна волчу кхаа стаге бехк кховдийна Белгин федералан прокуратуро. Яссин А., Мохамед Б. и Абубакер О. цIераш йолу кхо стаг лаьцнера полицино даханчу мукъачу деношкахь Брюсселехь а, ткъа иштта Мехелен а, Дюффел а гIаланашкахь а.

Оцу рейдашкахь лаьцна кхин цхьа стаг дIахецна бехке вац аьлла. Прокуратуро динчу дIахьедарехь дуьйцуш дац лецнарш кху беттан 22-чу дийнахь хиллачу теракташца уьйраш йолуш бу-бац бохург.

Оршот дийнахь Белгин могашаллан министро хаам бина Брюсселехь лелхийтарш дар бахьана долуш вийнарг 35 стаг ву аьлла. Царна юкъахь ву теркаташ йина кхо стаг а. 300 сов стаг чевнаш хилла ву.

Боюсселехь дина тIелатар шаьш дина аьлла дIахьедар дина "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан декъашхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG