ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наха дин бийначу кIентан къинна


Зазадоккху-беттан 9-чохь зулмахоша ягийна гIалгIачун Плиев Баширан микроавтобус.
Зазадоккху-беттан 9-чохь зулмахоша ягийна гIалгIачун Плиев Баширан микроавтобус.

Кху беттан 9-чу дийнахь ГIалгIайчуьра Нохчийчу боьдучу новкъахь журналисташна а, бакъоларъярхошна а йиттира, уьш чохь боьлху микроавтобус а сацийна, «Приораш» чуьра аралилхинчу наха. Уггаре а Iаьткъинчух дара Плиев Башир йиттина айпе варал совнаха, цуьнан доьзал кхобуш йолу и автобус ягор. Дерриг а дуьненара орцахбевлира хиллачу дог Iовжийна нах. Цара гулдинчу ахчанах хIинца керла автобус оьцуш ву гIалгIа.

...Дин беллачу кIентан лазам. ДоттагI- бахам, иза кхобуш долу доьзалан дозалла, иза гонахарчу адамашна къонах гойту дин Iожалло лаьцна дIабаьхьина...

Дуьне хийцаделла, дино кхачош лелла токхе, самалхадоккху бахам хIинца машен ю.

Цхьаболучарна иза кураллин цинцаш дIатухий, хьогам-хьагIа а гIаттош, нехан юьхьдуьхьал бетта гIирс бу. Ткъа дуккхаъчу долахошна машено Кавказехь а, ерриг а Оьрсийчохь а напха доккху. Дас, цхьа хан хьалха шен дайша дин санна, хазйой, езаш лелайо шен доьзал кхобу машен.

Плиев Башире микроавтобус вала хIоьттина къа а хьегна кхаьчна яра. Гуьржийчу вахана безачу мехах хазаллах а кхелинера цо иза. Цундела ГIалгIайчу гIуллакхо кхочучу арарчу наха кест-кеста сацабора бIаьрг оцу машенна тIехь шайн хьашташна дIасабаха. Цу тIе машенан да а тара хьешана.

«Iазапана дуьхьалояран комитетера» бакъоларъярхой а, журналисташ а етташ машенчуьра арабахале, белан дечкаш, аьчкаш карахь тIехьалхина, кораш этира машенан, неIарш ца йоьллуш дуьхьалваьллачу Баширна ондда йиттира. ТIаьххьара а, цIе тесна, ягийра хазалла ялла йоллу микроавтобус.

Норвегерчу а, Швецерчу а журналистнашна еттар, дуьне оьгIаздохуьйтуш, сихха даржийра зорбано. «Iазапана дуьхьалояран комитететан» куьйгалхочо Каляпин Игора а, президентна гонахарчу бакъоларъярхоша а емалдира зулам.

Ткъа иштачохь хуьлуш ма-хиллара, сонталлин мах ца хадош висира президент Путин а, кхиболу Iедалан дай а.

Цундела а дара еррриг а Оьрсийчуьрчу а, кхечу мехкашкарчуа бахархошна Плиев Башире йоьссина мискалла гар. Цунна ахча гулдан долийра.

Концерт а хIоттийна, цунах схьагулделлачу ахчанах Плиевга автобус эцийта йолийна акци Москох, иза йолулушшехь, чулилхинчу полисхоша йохийра, артисташ гуллуче бомба йиллина аьлла шайга боху бахьана а далийна.

Гулделла ахча юьхьанца миллион сом бен дацара, цунах ца эцалора автобус. Амма сагIин акци ца сацийра иза айинчара. Оцу Iалашонца йиллинчу сайтехула бечу кхайкхамаша дира шениг – дика дегнаш долчу адамаша, жим-жима тосуш, хIинца гулделла микроавтобус эццал ахча.

...Ца бер вай кху болехь зуламхой емал, тема иза яц – ю адамийн дикалла - Вонний, Дикий къийсалуш, хьалхарниг дукха хьолехь тоьлуш схьайогIучу кху заманахь.

Плиев Баширна керла микроавтобус эца ахча гулдечу тобан жигархойх цхьаъ, Москохара журналист Гусев Константин, ГIалгIайчохь схьакарийра Маршо Радиона, къамел хилира цуьнца.

Зулам Кавказехь кавказхоша дина. Ткъа муха го хьуна шайн дукхаллехь цигара адамаш. Массо а вуй-те Плиев Баширна а, цуьнца хиллачарна а зулам динчу нехан амалехь? Гусевс аьттехьа а ца дитира гIалгIай, я нохчийн кIиза нах бохург.

Гусев: «Юккъерчу Оьрсийчоьнца дуьстича, адамаш шайн дукхаллехь, шеко яц, дикаха ду эр дара ас. Нах алссам а хьан-сан долуш бу, алсам белабелла бу, синош алсам цIена долуш бу. Амма т1аьххьарчу заманахь [аало кхузахь а нах къовлалуш, шайна чубулуш. Ахча наха ерриг а пахьалкхехь лаьхьийра, дерриг дуьненара а бара. Оцу ахачанах доккхах дакъа Кавказера дара.

Суна иза маситтаза вайна. Дуьххьара дарбанц1ийнехь вайра. Цунна, планшет а еаана, оха гайтира саг1а гулдеш йолkу сайт. Цуьнца хазахетаран шок яра. Цунна ца моьттура гуллур ду ахча. Кхийса-м ца велира иза, воккхавеш, амма вуно хазахетта-м вара.

Баширна шена хуур ду муьлха машен эца оьшу а, тюнинг муханиг еза а. Ягийнарг цо тешна а меттах1оттор яц».

Муха тIеоьцуш го хьуна Нохчийчуьрчу, ГIалгIайчуьрчу бахархоша Плиевна керла микроавтобус эца оьшу ахча тIаьххьара а вовшахкхеттар, хаьттира Маршо Радионо. Гусев Константинна го хазахеттарш а, зуламхой бакъбийраш а.

Гусев: «Нийсса б1останехь лаьтта ши аг1о яйра суна. Хьал девза Нохчийчоьнан бахархой баккхийбера, т1ера бара Баширна машен эца ахча гулдарна. Нохчий, массо а санна, оьрсий а иштта, баккхийбера шайга адамна г1оданделла.

Амма Нохчийчоь киночухула евзарш, керланашкахь хезарш, оццу Грозный-ТВ хьовсурш, кхеташ ду, церан реакци негативе яра, нийса ягийна машен, г1уллакх дац шпионаш д1асалелон, бохуш».

ГIалгIайчохь бакъоларъярхошна а, журналисташна а, автобус а ягош, цуьнан дена йиттинарш Нохчийчуьра бу аьлла хетачу, Соьлж-ГIала вахначу Каляпин Игорна шена а тIелетира зуламхой.

Делахь а цо ца лору шена зен дина. Каляпин варий Плиев Баширна машен эца ахча тесначийн декъахь, хаьттира оха. Вара, боху Гусев Константина.

Гусев: «Сайна хуург аьлча, цо хаъал доккха дакъалаьцна».

.... Дин беллачу кIентан илли генна заманара схьакхачийна нохчаша таханене, байлахь висинчу къонахчух доглазадолу цуьнга ладоьгIча.

Ткъа дин ша ца белла Плиев Баширан, иза бийна, къа ца хетарша ягийна цуьнан доьзал кхобу машен, цуьнан дозалла.

... Тамаше ду дуьне, адам. Цхьа ах вукху эхан Iойла йохош, харцо кхиош, яржош лела. Важа ах шайн кийрарчу йовхонца къизачу, оьгIазечу адамийн шийла дегнаш дохдан гIерташ хьийза. Дикалла эшо деза вон. Деза эшон. Ткъа вон-м дац я шек а, я юьстахдаьлла дIалакъа доллуш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG