ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карабахан конфликт марсаяьлла


Шоьтадийнахь Карабахан конфликт чIагIъелла, тIеман летарш хилла. Эрмалойчоьнан тIеман министраллан хаамашца, Азербайджанан ницкъаш тIелетта артиллерица, бронетехникаца, кеманашца Карабахан эскарийн куьпа кхача. ТIематасадаларшкахь вийна азербайджанахойн I2 эскархо.

Ткъа Эрмалойчоьнан агIор 18 ву вийнарг, 35-нна чевнаш йина. Байинчарлахь 3 маьрша вахархо а ву. Оьрсийчоьнан бахархой царалахь бу-бац цкъачунна билгалдаланза ду. КIирандийнахь Азербайджанан Iедало тIеман летарш севцца шайгахьара аьлла, кхайкхийнера. Ткъа Эрмалойчоьно Бакохан дIахьедар «информацин кIело» лору.

Эрмалойчоьнан тIеман министраллан пресс-секретара Ованисян Арцруна хаамбо, азербайджанхойн эскарш, керла позицеш а лоьцуш, луьрачу тIемашна кечлуш ду, бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG