ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь юха листа долийна дов


Нохчийчуьрчу кхело юхалиста долийна Султанов Сайдина дуьхьал гIаттийна бехктакхаман гIуллакх. Зазадоккху-баттахь арахь яккха пхи шо хан кхайкхийнера цунна. Султановна бехке дуьллу гIаттамхошна гIо-накъосталла дар юучуьнца-молучуьнца, буьйса яккха тховкIело яларна а.

Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелан прокуратурано хьалхо бина сацам дукха кIеда а лерина, юха талламе даккхийтина бехкевечун гIуллакх. Прокуратурано билгалдаьккхина, гIаттамхойн агIо а лаьцна, царна гIодарна Iедало 5 шарера 10 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан кхачаш хилар.

ТIедогIучу кIиранашкахь юха хатта долор ду кхело Султановн дов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG