ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Масса нохчо вахана Европера Шемарчу тIаме?


Кху деношкахь Дуьненаюкъарчу терроран духьал къийсам латточу центро зорбане даьхна ДАIИШ-ан тобанах дIакхета Европера дIабаханчу нехан терахьаш.

ХIаагерчу терроран дуьхьал къийсам латторан центро хIоттийна йолу террорхойх а, джихадхойх а, цаьрца озабезам болчех а йолу „ кхечу мехкашкахь тIемаш беш болу Евробертан бахархой“ аьлла нохчийн матте гочдан мегар ду.

Цу цхьа бIе ах бIе агIонах лаьттачу документехь деталашкахь дахкийна ду Малхбузерчу пачхьалкхашкара Шема тIаме баханчу нахах а, церан башхаллех а.

Иштта, масала, 4300 герга европахо ларалуш ву хийрачу тIамехь дакъалаца вахана. Царех 30 процент цул тIаьхьа юхавирзина ша вехачу пачхьалкхе, ткъа 14 процент вийна. Тамашийна кхин цхьа хIума а ду- тIаме я Халипатехь ирсе дахар лаха баханчу нахах 17 процент зударий я къона мехкарий бу.

Иштта вуно лакхара ду бусулба дин тIе а эцна, им диллинчул тIаьхьа Шема я Иракъе баханчийн терахь – уьш тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь массо а тIемалойн 6 процентера 23 проценте кхаччалца бу.

Бен-бенчу Европерчу пачхьалкхашкахь джихадхошца долчу хьолан статистика а ялайо Дуьненаюкъарчу терроран дуьхьало яран центран рапорто. Бакъдолчу, и статистика мелла а ширйелла йолчух тера ду, масала, Германехь а, Австрехь актуале долу терахьашца иза юьстича.

Иштта, кху деношкахь Австрерчу къайлахьчу сервисан Конституци ларйаран а, терроризмаца къийсам латторан а хьукматан куьйгалхочуо Гридлинг Петера дахкийра уггаре а тIаьхьара терахьаш. Цуо дийцарехь, Австрера Шема я Иракъе вахнарг 267 стаг ву.

Маршо Радион ладогIархошна ирчадерг ду – царех ах герга, аьлча а, 110 стаг нохчийн къомах я нохчийн къомах ларалуш хилар. Цу нахах 44 хIинцале а вийна ву, ткъа кхин 100 хIинца а цигахь тIамехь ларалуш ву.

79 стаг Шемахь я Иракъехь тIемаш а бина, Австре юхавирзина. Ткъа кхин а 44 стаг цига дIаваха гIертачура шайн гергарчарна а, Iедалхошна а гучу а ваьлла, дIа ца вохуьйтуш сацийна, хьастагIа Грацерчу кхелехь жоьпалле озийна хилла йолу къона зуда санна, шен 3 бераца Халипате яха гIертачуьра юхаерзийна йолу.

Сел жимчу нохчийн къоман диаспорера сел дукха джихадхой бовлар тайп-тайпанчу бахаьаншца туду тергамхоша. Царех дукхахчарна хетарехь, иза доьзна ду тIаьхьарчу заманчохь Нохчийчохь лаьттинчу тIемашца а, Европехь нохчийн къомах болу кегирхой, уьш деша а, баха а ца буьтуш, радикалечу хьежамашца талхочу питанхойн балхаца а.

Шен кIант ишттачу питанхоша шайн пропагандица Iеха а вина, тIаме а вигина, вейтинчу нанас, - цуьнан цIе Сагаипова Залман санна йоккхур вай, - Маршо радиога дийцира, иза цу нахах кхетчахьана муха хийцавелира бохучух лаьцна.

Сагаипова : „Цкъа а ца юьйцуш йолу политика йийца волавеллера иза. Агитацино боккъал а чIогIа ша лаьцна ца хилча иза иштта хийцалур вацара. ХIара дуьне дош а дац, кху лаьттахь йоккхуш йолу хан Делан дош айдеш яккха еза, кхиндерг дош дац, бохуш и хIума дийца волавелира цIеххьана.

Иза хийцавала волавелча, иза мичахь лела хьожуш а, даима а тIаьхьа телефонаш етташ а, тхайн хуьлчу агIор иза ларван гIиртира тхо. Амма цу агIор ша цхьаьнаветталуш болу нах муьлш бу а, мичахь бу а цуо хоуьйтуш дацара“.

Цу юкъана Европахошна а, доллучу дуьненан бахархошна а карарчу хенахь уггаре а боккхах кхерам террорхошкара хилар къайлахьош вацара Австрерчу леринчу сервисийн куьйгалхо Гридлинг Петер шен Венерчу Акцент театрехь хиллачу дискуссехь.

„Шух муьлха а ву шуна террорхоша вен тарлуш“, - элира цуо масийтаза а. Цундела мехала ду элиар цо, йоллучу юкъаралло а кегирхошца болх бар, хIунда аьлча полисхой - уьш социалан белхахой бац, кегирхошна дерадикализаци ечохь полисхойн болх чекхболуш бу, ткъа юкъараллин болх болалуш бу“, аьлла тIе а тухуш.

XS
SM
MD
LG