ГIажаройчуьра Йемене хьош ду аьлла хеташ, Iаьрба хIордаца кеманчуьра герзаш даьхна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн хIордан ницкъаша. Оцу ницкъийн векалша дийцарехь, 1500 Калашниковн масатоп а, 200 шашах Iалашо лоцу граната, дуккха а яккхийтоьпаш ю кхерамечу киранца.
Герз дIа а даьккхина, кеманца хилла нах дIахецна хIордан ницкъаша. Йеменехь Iедална дуьхьаллаьттачу хIутхашна гIодо ГIажаройчоьно, цо даре ца дахь а аьлла ю, тергамчийн ойла. КIайчу ЦIийнан официалан векало Эрнест Джоша дIахьедина, регионера къепе йохош ду Йемене къайлах герзаш хьийсор.
«Цу тIе тидам бахийта тарло Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацино» - аьлла Эрнеста.