ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Низамхошкара жоп дац Соьлж-ГIалахь байначарех


Chechen law enforcement bodies carry out an operation
Chechen law enforcement bodies carry out an operation

Соьлж-ГIалахь стенга вигина а ца хууш, дIавигина, къайлаваьккхина ши яздархо Ибрагимов Ризван а, Дидиев Абубакар а. Болчу хаамашца, Охан-беттан 1-чу дийнахь шайн цIера тIаьхьа а баьхкина ницкъаллин структурийн белхахоша дIавигина и шиъ.

Цхьа де хьалха цавевзачу Iаьржа духар доьхначу шина стага шена цIера дIавигина махкахь гоьвалла иллиалархо Бетелгериев Хьусейн. Байначийн гергарчаьрна тахана а яц уьш болу меттиг хууш а, низамхошкара кхочуш жоп а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG