ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МухIажиршна тховкIело яларан система хуьйцуш ю


МухIажиршна Европан Бертан мехкашкахь тховкIело яларан система хийца кечйина кеп кху деношкахь Iорайоккхур ю Еврокомиссино. Лелаш долу низамаш, кепаш ширделла, масала, алссам Iаткъам хуьлу Малхбалера мухIажирш дуьххьара тIебуьссучу Желтойчоьнна.

Цу тIе крарчу хенахь лелачу низамо мигрант декхаре во ша дуьххьар чукхаьчначу пачхьалкхе тховкIело еха. Ткъа и Дублинан низам олучу кепа тIера елира, масала, дукха хан йоццуш Германин канцлер Меркел Ангела, цо шайн стохка мехкан ков доьллуш мухIажиршна къинхетамбича.

Эй-Эф-Пи агенталле Евробертан цхьана дипламато бинчу хаамца, тIемаш лаьттачу мехкашкара уьду нах цхьабосса боькъуш дIасахьийсо беза пачхьалкхашкахула. Миллион гергга мигрант а, мухIажир а веана Европе тIемаш лаьттачу Шемара, ОвхIанистанера, Иракъера деккъа цхьана шарахь – стохка.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG