ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно тIе ца дуьту "Панаман кехаташа" дуьйцург


Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира тIе ца дуьту Панама махкахь кхоьллинчу офшорийн имперехь дIалачкъийна шен уллерчу гонан ахчанаш хилар. Малхбузено Кремлан авторитет галъяккха гIертар лору цо дуьненаюкъарчу журналистийн консорциумо зорбане кехаташ дахар. Еарийдийнахь Петарбухахь дIайоьдучу медиа-форумехь Путина дIакхайкхийра, Малхбузено Оьрсийчоьнна дуьхьал лелочу кампаница йогIуш дезинформаци ю иза, аьлла.

«Оьрсийн къоман цхьаалла хилар, пачхьалкхехь дехачу тайп-тайпанчу къаьмнийн консолидаци чIагIъялар ца товш, бухара дуьйнна хьал талхорхьама йолийна кеп ю, вайн шайна муьтIахь хилийтархьама», аьллера Путина дуьххьара рапорт араяьллачул тIаьхьа ша еллачу комментарешкахь.

Журналистийн консорциумо нахала даьхначу кехаташкахь вац хьахош Путин, амма бу тептарехь цуьнан уллера доттагIий а, белхан накъостий а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG