Европан Бертана Украина гергаялош, цуьнца уллера юкъаметтигаш лелор тIечIагдан йолчу Iалашонца Голландехь дIаяьхьначу референдумехь дукхахболу харжамхой реза ца хилла оцу новкъана. Голландерчу телегойтийлаша бинчу хаамца, референдумехь дакъалаьцна 32, 2 процент харжамхоша.
Оцу терахьо референдум хилла яьлла, жамIаш юьхьаръэца торуш лору. Амма официалехь жамIаш довзуьйтур ду кху беттан I2-чу дийнахь. Плебесците баьхкинчу харжамхойх 61 проценто ца магийна Евробертана Украина гергаозо.
Нидерландийн премьер-министро Рютте Марка, «цкъачунна ала дац жамIаш оцу тIехь совцу. Харжамаш тоъал баьхкина кхаьжнаш таса бохург шеконехь ду» , - аьлла телегойтийлехула.