ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь мохо лоькху "Ингалсан гIап"

Соьлж-ГIаларчу мехкадаьттан Iилманан-талламан институтан гIишло херцаршлахь лаьтта. Мехкадаьтта доккху гIирс кхуллура оцу хьукматерчу Iилманчаша.

1900-чу шерашкахь ингалсан гIишлошъярхоша йина бохуш, дуьйцу историкаша Соьлж-ГIалахь Iилманан-талламан ниститут.

Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш йохийна, хIаллакйира оьрсийн эскарша . Соьлж-ГIаларчу архитектурехь уггаре хьалха бIаьрг тIехIуттучех яра институтан гIишло, Британин ширачу гIопийн кепехь иза йина хиларна.

ТIемаш бирзинчул тIаьхьа, гIалин бахаман, къинхьегаман гIишло юхаметтахIитточу юкъанна, Iедалан терго йоцуш, юьстах юьсу мехкадаьттан Iилманан-талламан институт.

Маршо Радион фотокорреспондент вахара «Ингалсхойн гIопе» деношкахь.

Хьажа кхин дIа а

Хьажа комменташка (2)

ХIара форум дIакъевлина ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG