ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир даржах мукъаваккхар доьхуш чуделла арз тIеэцарна Саратовн махкахь даржах йохийна арбитражан кхелахо Лескина Татьяна. Балаково гIаларчу вахархочо Суворов Николайс дина хилла кхеле и шатайпа дехар дахначу кIиранах.

ПIерскана кхелахойн квалификацин коллегино бина Лескина дIайоккху сацам, иза Iорабаьккхина пIераскана. Саратов мехкан арбитражан кхело листа тIеэцна хилла Суворовн дехар кху беттан 7-чу дийнахь.

Цо Оьрсийчоьнна къоланаша дина «къоман мостагI» санна даржера Путин дIаваккхар дехна хилла. Лескинас дов листа бина сацам кхело юхабаьккхина шолгIачу дийнахь.

XS
SM
MD
LG