ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яралиев Юсуп. Нохчаллин кхача.


Нохчийн ламастийн даарш
Нохчийн ламастийн даарш

Нохчаллин кхача

Лулахо, ладогIал цкъа,

Цхь а вац велча къен-миска,

Цхьа а вац шех хета къа.

Маьхьшаран шу а бац къийса,

ХIетте а ца кхуьйкху те,

ХIун ду вай сатийса диснарг,

Я кхерчахь латийна цIе.

Я товхахь еттина сискал.

Уьш-м кIезиг хIуманаш ду,

Кийрара дог хилац довха,

Шелъелча сирйина юкъ.

Хьаша-да лаьттина товха,

Гергарло латто цIе йоллу.

Вовшана вай тIеттIа кхачо,

Некъ сецча, тIечIаьгча ков.

Товханна тосуьйтуш маша,

Алахь а "Чу гIур ду вай!"

Мацах цкъа цхьанне а дайна,

Дог хилча рицкъанан дай.

Чу-кере ца оьшу вайна,

Кхерчара цIе хIунда яй.

Дог гIерта дог долчу кхача,

Рицкъанаш-м долуш ду вайн...

Къибелла-кх нохчаллин кхача...

Яралиев Юсуп вина 1955-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь Казахстанехь. 1957-чу шарахь депортацера шайн даймахка юхадогIучу къомаца дайн Хорача олучу эвла вирзина. 1973-чу шарахь Веданара лоьмар I йолу школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу университетехь дешна Яралиев Юсупа. Байташ язъян волавелла 5-чу классехь дуьйнна. Нохчийн университетехь кхоллаеллачу «Пхьармат» цIе йолчу литературан цхьаьнакхетараллин декъашхо а вара Юсуп.

Поэт хилла ца Iаш, Яралиев Юсуп меттан говзанча, историк, журналист ву. Дуккхаъ шерашкахь къахьегна цо школехь, кеп-кепарчу зорбанашкахь, телевизионехь а. Цуьнан стихаш зорбане йийлина журналаштIехь, газеташтIехь,тайп-тайпанчу гуларшкахь. Ишта Яраливс ша арахецна «Шовданан йистехь суьйре» цIе йолу шен байтийн киншка. Яралиевн дешнаштIехь кхолладелла дуккха а иллеш а, эшарш а ду.

XS
SM
MD
LG