Юккъерчу а, Керлачу а бIешерашкахь Европехь вуно ницкъ болу паччахьаш хилла бу Габсбургаш. Цу доьзалера нах хилла Австрина а, тIаьхьо дуккха а къаьмнаш дехачу Австро-Венгрин империна а урхалла деш 1282-чу шархь дуьйна 1918-чу шаре кхаччалц. Йеза Риман империн императорш а хилла Габсбургийн доьзалера нах 1938-чу шарахь дуьйна 1745 шаре кхаччалц, цхьа ши-кхо шо бен (1742-1745) юкъара цадолуш.
Венехь вуно чIогIа ларйеш латтош ю Габсбургийн хазна. Цу чохь фотокамера а карахь хилира Маршо Радион корреспондент Эрсно Казбек. Цо даьхна хIара сурташ.
Габсбургийн Венера хазна
13
ЦхьамаIаерг -- мифашкахь юйцуш хилла говр ю, цIаналлан симбол лоруш йолу. Цуьнан маIа ю аьлла латтош ю хIара Габсбургийн хазнехь.
14
Дешин а, детин а жовхIарш летийна кхабанаш.