ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нетаняхус а, Путина а дийцаре дийр ду эскарийн цхьаьнаболхбар


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Израилан премьер-министр Биньямин Нетаньяху, охан-бутт, 21 де.
Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Израилан премьер-министр Биньямин Нетаньяху, охан-бутт, 21 де.

Израилан Премьер Министра Бенжамин Нетаняху Москох веана Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца дийцарш дIадахьа. Охан-беттан 21 дийнахь цхьаьнакхетаран коьртехь Нетаняхус элира шена эскарийн цхьаьнаболхбаран хьокъехь хаттарш дийцаре дан лаьа Израилина а, Оьрсийчоьнна а юкъахь инциденташ ца хилийтархьама. Нетаняхус кхиндIа а элира Голанан Лакхенаш Израилна “цIе сиз” ду, ткъа иза цуьнан дакъа диса дезаш ду, аьлла. “Оха тхайн ницкъ кхочург до Голанан Лакхенашкахь тхайна дуьхьал керла терроран фронт ца кхоллаялийтархьама,” элира цо. Шемарчу тIеман шуьйрра юкъа ца гIертахь а, Израилан премьер-министро тIечIагIдира цуьнан пачхьалкхо Шемахь лерина операцеш дIахьо ХIизбаллахI тобана нуьцкъала герз кара ца даийтархьама.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG