Ненан меттан Де шуьйрра даздойту Нохчийчоьнан Iедало бахархошка. Ткъа иза дIаиккхича, даима а санна хьукматашкахь, доьшийлашкахь, дукха хьолехь наха гIаланашкахь вовшашка буьйцуш хеза оьрсийн мотт. Оцу хьоло эшабо нохчийн мотт, бицболуьйту иза я Iама таро ца ло къоначарна.
Оха кху кIиранах эфирехь дийцаре дан диллина хаттар иштта ду. ХIун дан деза нохчийн мотт, шех пайда а оьцуш, лелаш хилийта а, адаман багаберзийта а?
Шайна хетарг шу ала лууш далахь телефон тоха тхоьга кху номерца.
ХIоттийначу хаттаран хьокъехь вистхила лаам болучарна йовзуьйту тхайн телефонаш.
Прагера телефон: + 4 20 724 019 832
Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.
СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе: + 7 926 23 60 4 65.
Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 420 724019832