ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн а, ОвхIанхойн а диаспораш вовшахкхетта Австрехь


Austria --Chechens from Austria brought food in refugee camp, Vienna, 13 September 2015
Austria --Chechens from Austria brought food in refugee camp, Vienna, 13 September 2015

Австрехь бехачу овхIанхойн, нохчийн кегирхошна юккъехь кест-кеста нисло девнаш а, тийсадаларш а. Меттигерчу хаамийн гIирсаша шуьйра дийцаре дарна нахала а довлу и девнаш. И хьал эшорхьама Венерчу интеграцех йолчу хьукмато вовшахтоьхнера шина диаспорин векалш. Азимова Сийлаха хилира цхьаьнакхетарехь.

Австрерчу гIалийн урамашкахь мехаза доькъучу булваран газетийн агIонашка бIаьрг тоьхча хетало, цу махкахь бехаш болу овхIанхойн, нохчийн къомаха кегирхой дела денна вовшашна чучча а оьхуш, леташ болуш санна, церан вовшашца цхьа генара дуьйна схьа схьадогIуш, кIоргера орамаш долу дов долуш санна цара шайн даймахкашкара Австре схьа а деъна, кхузахь а дIакхоьхьуш. Цу шина къоман тобано къуьйсурш корта бахон молхнаш дохкарехь хьалхе ю бохуш чIагIдо цхьана артиклехь, вукхуьн авторш кхин а гена бовлу – овхIанхойн, нохчийн барт ца хуьлуьйтуш дерг цхьана заманчохь, Советаша ОвхIанца тIом бечу хенахь, нохчийн эскарш хилла цигахь къизаллаш лелош, иза ду овхIанхоша хIинца Австрехь нохчашна доькхуш дерг аьлла гаррехь пал язбинера цхьана ша шена, хетарехь, воккха эскперт хетачу журналисто.
Дерриге а, кхеташ ма-хиллара, харцдерг ду, шина къоман кегирхойн девнех кхета шаьш моьттуйтуш шех „можа пресса“ олучу хаамийн гIирсаша даржош. Бакъдерг, хуьлуш ма-хиллара, совтIеха атта а, банале а ду – овхIанхойн а, нохчийн а къаьмнашна юккъехь цхьа мостагIалла дац, я цкъа а хилла а дац. Бакъду иштта, шайн а, шайн дуьхьалончаш шаьш лоручийн а истори а, Iадаташ а, гIиллакхаш а ца девзачу шинна а къомахчу кегирхоша, доккхачу декъехь пхийтара бовла а кхианза хуьлуш болчу, цхьацца пайда боцучу хIумалгашна тIехь, масала, социалан машанашкахь вовшийн дош кагдой, урамехь вогIу-воьдучохь раз хьожий, сонта дош кхуссий, гамо лоцу вовшашца, тIаккха хIораммо а шена-шена орцанна дийна тобанаш вовшахтухуш нисло, „овхIанхоша нохчочунна гIело йина“ олий, я, мелхо а, „нохчашна декха дахадеза вай“, олий. Цара ватсапперчу а, фейсбукерчу а тобанашкахь къайлаха барт бо, баккхийчарна ца хоьуйтуш, цхьана къайлахчу меттехь вовшахкхета а, лата а. Маршо радиона талла кадаьллачу цхьана ишттачу нохчийн кхиазхойн ватсапперчу тобан декъашхоша хьастагIа овхIанхой, нохчий леттачу муьрехь вовшашка дийцинарш цецвоккхуш хIумнаш дара. Герз вовшахтоха дезаш хилар а, шай-шай оц-оццал герз Iалашдан йиш хилар а, „кIентий, гIехьа-тера герз хиларх тоам хир бац шуна, вайна вагонашкахь герз оьшу шуна“ бохучу хаамех яьккхина яра и немцойн маттахь нохчийн кхиазхоша вовший ира-кара хIиттон чат. Кхеташ ма-хиллара, кхин хIумма а царел тIаьхьабуьссуш хилла хир бац цу деношкахь шайн чаташкахула нохчех лата кечлуш хилла овхIанхой а.
ХIетахь, нохчийн а, овхIанхойн а баккхий нах юккъебовлар бахьана долуш и дов кхин а алсам цIий ца Iенаш дерзон каделира. Амма олийла дац, и саннарг кхин цкъа а нислур дац, аьлла. Цундела, шина къоман векалш а, кегирхой а вовшах а тоьхна, уьш вовшашна бовзийта а, церан вовшашца уьйраш чIагIйан а, ткъа иштта Iедалера царна цу тIехь гIодан йиш йолун некъаш билгалдаха а Iалашонца цхьаьнатоьхнера Вена гIалин интеграцех йолчу, шех Магистрат I7 олучу хьукмато вайнах а, овхIанхой а.
Цу цхьаьнакхетаре баьхкинера шинна а агIор баккхий нах а, юкъараллин жигархой а, ткъа коьртаниг – кегирхой а. Бара иштта шинна а агIор гулбеллачарна юккъехь зударий а. Шайн хьукмато овхIанхошца а, нохчашца а бан лерина болх бовзуьйтуш цхьаьнатохар кечдинчех цхьаъ волчу Мехмети Сейдинс дийцира, масех гIаттах лаьтташ йолу тайп-тайпанчу проектийн план кечйина шаьш, аьлла. Цу проекташна юккъехь ду кегирхошца болх бар а, зударшца а, божаршца а къаьстина белхаш дар а.

Маршо радиона ша еллачу интервьюхь Мехмети Сейдинс билгалдаьккхира, овхIанхойн а, нохчийн а диапорийн векалш вовшашца уьйранашкахь хилар мехал стенна ду бохучух лаьцна.

Мехмети Сейдин: „Тхуна хетарехь, и ший а диаспора шаьшшина Австрин юкъараллехь гIело лелош санна хеташ а ю, цу шиннах а сих-сиха меттигерчу хаамийн гIирсашкахь а, газеташкахь а негативе артиклаш а зорбане юьйлу. Тхан лаам а, тхуна хетарг а, цу шина къоман векалш цкъа хьалха вовшах а тоьхна, уьш вовшашка шайн лазамех а, шайн лаамех а лаьцна бист а хуьлуьйтуш, уьш бовзарехь а, бовзийтарехь а гIулч яккхар дара. Цуьнца цхьаьна оха, Вена гIалин векалша санна, цу шинна а коммьюнитина дийна цхьа могIа проектийн тидаме вовшахтоьхна хилар царна хаийтар а дара тхуна мехала. Масала, божаршна а, зударшна а, кегирхошна а.

XS
SM
MD
LG