ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн мотт бицлуш лаьтта нохчашна


Нохчийт мотт базбаран де, 2016
Нохчийт мотт базбаран де, 2016

Кест-кеста хьахало нохчашлахь шайн мотт шо-шаре мел долу гIеллуш, юкъахь буьйцучу меттанашлахь ненан матто шегара хьалхе дIахецна хиларх. Хьехорх хIумма а толлуш дац вайн меттан дахарехь. Цунах алсам пайдаоьцуш Iедал а, цуьнан хьукматаша а ца хилар хета говзанчашна бехке.

Нохчийчохь ламаст а хилла дIахIоьттина ненан меттан де даздеш яздархой,Iилманчаш, къоман духарца бохабелла,ишта я вуьшта маттаца бозабелла къахьоьгуш болу Iедалан белхой дIа а гулбина, царна совгIаташ дар, ненан маттах деза дуьйцуш,хастаме дешнаш хазор.Амма и Iаморехь,бацорехь,хIора шарна а эшам хилахь бен толуш хIумма а дац. Мелхо цунна пебеттачеран,и дош ца хетачеран могIарш дукълуш ду. Iедалехь белхашкахь, доьшийлашкахь, массо хьукхмат-урхаллашкахь нохчийн мотт мачин айранах тера, цхьа наггахь пайдаэца,эшча схьаоьцучу хIума санна, лахарчу тIегIанахь латтош хиларна, цуьнан бала кхочурш,цунах юкъараллехь мехала гIирс-герз дан хьаьгнарш дукха бац. Тахана дахаран бакъдерг ду – ур-аттал ишколе кховчаза цIахь кхуьучу бераша а уггар хьалха оьрсийн маттахь бен цIе ца йоккху,Iар-дахарехь оьшучу гIирс-коьчаллин а. Ненан маттах дезар дар, и юьхьарлацар оццул ледара доллушехь иза хестош бу,тезетахь зударийн тийжаш-белхар дагадоуьйтуш. Цхьаболчу яздархоша,хьахархоша,Iилманчаша иттаннаш шерашкахь далхош ду цуьнгара гIийла хьал,амма хезехь Iедалда а,я маьхкIамхо а вац.Цунна орцах вуьйлучех цхьаъ ву журналист,яздархо Юнусов Хьамзат. Цо ишта яздо интернет машанехь: « Со кхеттал хилчахьана дуьйцуш хеза,юьхьанцарчу ишколехь хьехар нохчийн матте дакха деза,бохуш. Цу декъехь….цхьацца гIулчаш яха а йолийнера,делахь а дийцаршна тIера билггалчу гIулкхашка довла я барт а, я ницкъ а, я ерриг юкъараллин лаам а ца тоьира. Делахь а Дала адамаш кхоьлличхьана…. схьадеъна бакъдерг цхьаъ ду: юьхьанца шен ненан маттахь дуьне довза дуьйладеллачу берийн иэсехь,дог-ойланехь, кхетамехь чIагIлуш,дерриге а дахарна дуьсуш дерг ду ша муьлхачу къомах ву хаар,и цкъа а муьлххачу хьелашка нисваларх а диц цадар; шен къомана цатам хинболчух ларвалар, къомах дозалла дар,…къоман гIиллакхаш,Iадаташ,ламасташ довзар…» Юнусов Хьамзата йозанехь маттах ялхийначу вуно чулацамечу ойланийн цхьа юьхк бен яц ас ялийнарг. Меттан говзанчаш, Iилманчаш боцуш ненан маттера вон хьал лазаме кхетало цхьаболчу могIарерчу бахархошка а. Иштачех ву Ножай юьртан кIоштера Iаднан. «Нохчий маттана нохчий оьшу. Шарахь цкъа йинчу кампанех мотт денлур бац. Сина мацалла йойуш вай буьйцу хьомечу маттана дика тIеIаткъам таро ерш хьекъале ца багIахь метан хьелаш дика дац».

Даима мохь –цIогIанца нохчийн маттана орцах вийлинчех ву байтанча-гочдархо, меттан говзанча,цуьнгара хьал дийцарехь а доцуш,чуьра девзаш волу Хатаев Хьусайн. Цо ишта элира:

ХIинцца маттах къамел хазийна Хатаев ХЬусайн санна ойла кхобурш кху тIаьхьарчу шерашкахь вуно чIогIа алсамбевлла махкахь. Бакъду ,цунна ,нохчийн маттана гIо дан яккхий таронаш йоллушехь,маьхькIамхой сиха бац Iуьллучуьра мотт гIатто. Цхьаболчу тергамхоша церан парталалла шатайпа кхетайо. Iедалехь болх беш болчарлахь иттанна юкъахь цхьаъ каро а хала ду нохчийн маттахь яздан хууш а, и ненан мотт кхеталуш а. Цундела уьш сиха бац нохчийн мате гIоьналле куьг кховдо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG