ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Японин премьер-министр Путинца дийцаршка ваха дагахь ву


Японин премьер-министр Абе Шинзо лерина ву Оьрсийчу а веана, Путин Владимирца дийцарш дIадахьа. Дийцарийн Iалашо ю, Москохца формалан машаран барт бар. Европе ваха новкъавале хьалха Шинзос шен туран Iалашо йовзуьйтуш элира ша Москохца шина пачхьалкхо къуьйсучу 4-чу гIайренийн хьокъехь долу хаттарш дийцаредан воллу аьлла.

Хууш ма-хиллара, дуьненан шолгIа тIом чекхбаьлча дуьйна, Оьрсийчоьно а, Японино хIинца а куьг ца таIийна машаран бертан буха. Японино, и тIом чекхболучу хенахь Советан Бартано шегара йиъ гIайре дIаяккхар, дуьненаюкъара низам дохош лору.

Оьрсийчоьно шен лоруш йолу цу гIайренийн статус, хIинца а билгаляьлла ца лору Японино. Кремло дийцарехь, Японина а, Оьрсийчоьнна а юкъахь хила лерина дийцарш Стигалкъекъа- беттан 6-чу дийнахь дIахьур ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG