ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДАIИШ-о „берийн эскар“ вовшахтоха долийна


Пхийттара довлазчу берех тIемашкахь дакъалацийтарал совнах, Iожалхойх а, чаьлтачех а санна пайдаоьцу «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобано.

ДаIиш тобано дозаллийца яржочу видеошна тIехь къорза эскархойн духарш а доьхна, герз детта Iамалучу берех цхьацца долчийн, тIехьажарехь, итт шо а ца кхаьчна. Ткъа царех уггаре а доккхахдолчу беран, мел дукха а, 15-16 шо бен хир дац. Делахь а, и бераш шайн долакхаьчна долу цхьа ша-башха чохь садолу герз санна лору ДаIиш тобанерчу террорхоша.

Иттанашкахь ю интернет машанахь бераш-салти тIехь болу видеош, бIеннашкахь ду уьш гойту сарташ.

Берийн яххьаш а, цара шайна баккхийчара ма-Iамадарра, шайга аьл-аьлларг тIаьхьа а олуш, Малхбузенна а, керстанашна а, муртадашна а туьйсу кхерамаш, цара ирах бахийтина хьажон пIелг, церан кочахь я карахь наг-нагахь церан догIмел а яккхийха йолу Калашников маса- тоьпаш – и дерриге а шен пропагандина Iалашонашца даржадо ДаIишо.

ХьастагIа цу тобано яржийначу керлачу видеонна тIехь го цхьа, тIехьажарехь, 12 шо бен хир доцу жима кIант шен ден куьйгана тIаьххьара барт боккхуш. Цул тIаьхьа гойту и бер лоьлхучу молханах йоьттинчу машена чу хууш.

Масех минот яьллачул тIаьхьа геналлехь и машен эккхий, цкъа хьалха цIеран алу а, цул тIаьхьа кIур а болуш го. Iожалхо-бер, шен дас а, цуьнан накъосташа а дала хьажийна долу, Алеппо гIалин гуонашкахь иккхинера.

И кIант, ДаIишо цуьнан цIе ца яккхахь а, амма воккха турпалхо а, бусулба умматан сийлахь-веза шахIид а санна вазвеш волу, даханчу цхьана шарчохь ДаIишо Iеха а деш, Iожалхой санна далийтинчу 89 берах цхьаъ ду. Доккхачу декъехь лоьлху молханах йоьттинчу машенашкахь я дегIаца Iожалхойн доьхка а доьхкий дала хьовсийначохь кхелхина уьш.

Дукха хан йоцуш Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу Вест-Пойнт эскархойн академино зорбане баьккхинчу талламехь дахкадо инзаре терахьаш, ша ДаIишо интернетехь зорбане йохучу видеошна а, сарташна а, артиклашна а тIе а тевжаш вовшахтоьхна долу.

Иштта, масала, даханчу шарахь Шемахь а, Иракъехь а ша шех Исламан Пачхьалкхе олучу террорхойн тобано шен могIаршлахь дайъинтинчу я далийтинчу пхийтара довланзачу берех 6 процент 12 шарел къонох ду. Кхин а 60 процент 12 шарера 16 шо кхаччалца хан йолуш ду. Вуьшдерш 16-17 шо долуш ду.

Цу берех 39 процент Iожалхой санна делла, хIоъ-молханаш йоьттинчу машенаш чохь лелха а лелхаш. 33 процент баккхийчарна уллохь нийса накъостий санна тIом беш дайъина ду. 4 процент Iожалхойн доьхка эккхийтарца цхьанхьа нахана юккъехь лилхина.

Ткъа кхин а 18 процент цу берийн цкъа хьалха нах гулбеллачу меттехь масатоьпашца тIом а болабой, цул тIаьхьа Iожалхойн доьхканаш лелхийтарца белла бу.

Доккхачу декъехь Шемара а, Иракъера а ду и бераш, тIамехь да я нана, я и ший а дийна, байлахь дисинчара ДаIишо шайн маьттазчу Iалашонашна пайдаэцархьама схьалахьийна, Iожалхой хила Iамийна долу.

Амма ду царна юккъехь, рапорто чIагIдарехь, иштта Малхбузера ДаIишах дIакхета баханчу тIемалойн бераш а, масала, Британера, я Францера я, я Австралера.

Ду царна юккъехь ДаIиш боккъал а бусулба пачхьалкхе кхуллуш ю моьттуш, шайн доьзалш а эцна, цара шаьш цунах ма-аллара, Шема хиджрат динчу зударшкара дIадаьхна бераш а.

Ткъа шаьш и зударий, ДаIишан пропагандано царна гIело а, тIом а ловчу шемарчу халкъана гIодан яьтто бу олий Iехош хуьлу, Австрерчу вевзаш волчу бусулба динах Iилманчано Лолкер Рудигерс Маршо Радионе ма-дийццара.

Лолкер Рудигер: „Вайн ала йиш ю, цу наха зударшна тайп-тайпана аьттонаш хьоьху, цара дакъамуха лаца йиш ю бохуш. Царех цхьа аьтто бу, шеко а йоцуш, ДаIишо цу зударийн гуманитаран синхьахьамашна тIеIаткъам а беш, уьш шайн агIор бахар.

Къаьстина Европера цига дIаихна болчу зударшна юккъехь дукха масалаш хаа тхуна, цхьаболу зударий, шеко а йоцуш, йигарчу бахархошна гIодан Iалашонца цига бахана. Кхеташ ма-хиллара, харцахьчу новкъа бахана уьш, амма царна иштта хьехна хиллера иза“.

Кхин цхьаъ инзаре терахь далало академино шен рапортехь – ДаIиш тобанехь тIемашкахь я Iожалхой санна леш долу бераш алсамдовлуш ду хIора а баттаца.

Иштта, масала, даханчу 2015-чу шеран Дечкен баттахь 3 пхийттара валанза волу Iожалхо вала хьажийнера ДаIишо, цу шеран гIадужу баттахь бераш-Iожалхой ялх дара, ткъа кху шеран дечкен баттахь, аьлча а нийса шо даьлча, уьш 10 дара.

Цу юкъана кегийчу берех салтий бар а, уьш тIемлой хила Iамор цхьана ДаIиш тобано лелийна ца Iа. Шемарчу тIеман тобанашна юккъехь уггаре а алсамох нохчийн а, гIалгIайн а, кхечу Кавказерчу мехкашкара а тIемлой болчу „Джунуд аш-Шам“, ала дашна, ДаIишна а, Асадна а дуьхьал тIом беш йолчу, шо хьалха интернетехь яржийра шайн куьйгалхо Маргошвили Муслим, я вуьшта аьлча, Муслим аш-Шишани, берийн лагере вахарх йолу видео.

Цу тIехь дехха гойтура, цхьаццадерш тIехьажарехь, 5-6 шо а кхачанза долчу бераша герзаш детташ а, тIом бан Iамалуш а.

XS
SM
MD
LG