ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Да воцчу дийнатийн доттагIий


Зумаева Элитига халла лачкъало, селхана шена хилла хазахетар. Нохчийчоьнан 1едалхоша махкахь йина акхадевлла жIалеш а, цицигаш а, чохь латто меттиг.

Цо а, цуьнан накъосташа а, массийта шо хьалха, арахь, дола а ца деш лела и дийнаташ гулдеш, царна оьшург латтадора.

Моьттина а дацара царна, оцу гIуллакхан дукха нах тIетовра бу.

Амма дукха хан ялале, социалан машанехь а, вуьштта юккъараллехь а, и къинхетаме акци шуьйра гIараяьлча, цунна тIетайра дуккха а нах.

Ахчанца а, кхечу шайн аьттонашца а гIо дора. ХIинца, оцу балхана кхоччуш дакъалаьцна мехкан Iедалша а. ХIара бутт чекхабалле Соьлжа-ГIалана йистехь болх бан йолалур ю жIалеш а, цицигаш а чохь латто меттиг.

Мел болу аьтто хир бу цигахь, церан могашалла таярехь а, юург латторехь а.

Зумаева Элитас Маршо Радиога дийцира, шаьш и кхаъ тIе муха эцна.

Зумаева: «Меттиг кхуллур ю аьлла, тхо дIадуьйлалучу хенахь, тхуна моьттина а дацара. Селхана тхо долчу мехкан куьйгалхо а веана, цо тхо кхайкхира керлачу метте хьовса. Тхуна чIогIа хазахеттера. ХIинцалца наха луш дара ахча и дийнаташ лело. Тхаьш а, алапа схьаделча, цу тIера дакъа дора».

Тахана Зумаева Элитас а, цуьнан накъосташа а, жIалеш а, цицигаш а чохь латтош ду Соьлж-ГIалахь мах а луш, лаьцначу цхьана кертахь.

Халахеташ делахь а, дукхачу хьолехь уьш, къаьстина жIалеш, адамех лардан дезаш хуьлу. Цундела, лазийна шаьш долчу далийча, юха ара дIа ца хьоьцу цара уьш.

Тамашийна хетахь а, кху массийта шарахь, шаьш и жIалеш лелош, царах цхьаммо а, ка ца тохарал сов, шайна «гIалх» а ца аьлла, бохуш кхин дIа а дуьйцу Зумаева Элитас.

Зумаева: «Тхан кертахь-м жIалеш-м хIете а, вете а гулло. Вай, нохчий цхьа нийса ца кхета жIалешца долчу гIуллакхах. Царна тIе куьг хаькхча, цIано ян еза, ткъа, вуьшта, цхьанхьа аьлла дац, ден деза.

Тхан кертахь хIинца 20 жIаьла ду лелош. Уьш схьа а далийна, лелийча, уьш юха дIа ара далийта ца хIутту тхо».

Акха жIаьлийн а, цицигийн а терахь тIемаш дIадевлачу хенахь тIехсов дистинера. Дукха меттигаш хуьлура, цара нахана тIелатарш дина. Цаьрца къийсам латтон гIонна кхойкхура эскархой.

Цара-м, кхин деха-доца а ца дуьйцуш, герз детташ дойура. ХIинца а, оцу дийнаташна кхоьллинчу меттехь, лаьцна схьадалийначарна тIаьхье ца хилийта операцеш а еш, уьш цу чохь кхобур ду. ЖIала а, цициг а, адаман улле теIа, цуьнах гIо-накъосталла шайна хиларе сатуьйсуш.

Уьш а ду, шаьш уггаре а хьекъале, кху дуьнен тIехь адамашца тIеман къаьхьалла Iевшина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG