ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъ а ца бевзаш, ма гIолахь мухIажир вала!


Дуьххьара Евробертаний, Оьрсийчоьнний юккъехь йолу визийн режим дIаяьккхина аьлла хаам баржийнарг cont.ws цхьанна а кхин хIара аьлла евзаш йоцу сайт яра.

Украинина а, Малхбузенна а дуьхьал пропагандин артиклаш яржорехь къахьоьгучу цу сайтано ши кIира хьалха зорбане баьккхинера масех могIанах бен лаьтташ бацахь а, амма бIеннаш эзарнаша Оьрсийчоьнан бахархоша шега дукхахенахь дуьйна сатуьйсу хаам – Евробертан пачхьалкхашка оьрсий визанаш а йоцуш дIасалела йиш хир ю бохуш болу.

„Охан беттан 17-чохь дуьйна схьа Оьрсийчоьнан бахархой визанаш а йоцуш Европе баха йиш хир ю“ аьлла цIе тиллинчу артиклехь сайто язйо, 90 дене кхаччалца Евробертан пачхьалкхашкахь хан яккха бакъо хир ю хIинцачул тIаьхьа оьрсийн, бохуш.

Иштта билгалдоккхуш дара, визанаш а йоцуш дIасалела туристийн бен бакъо хир яц, ткъа деша я болхбан Малхбузе баха луучийн хьалха санна шайна визанаш Iалашйан дезар ду, аьлла.

Шайн хаам цхьа бух болуш бу моттийтархьама артиклан авторша тIетевжа Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллина, цу хьукмато шайна и эксклюзиван информаци елчасанна кеп йеш.

Амма Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло цу хьокъехь дина цхьа а дIахьедар а дац, я цу хьукматана интернетерчу агIонна тIехь и тайпа информаци а яц.

И саннарг барт нагахь санна шина агIоно тIечIагIбина хилча, цунах Оьрсийчоьнан телевизионехь а, массо а пачхьалкхан хаамийн гIирсашкахь уггаре а даздина дуьйцу керланиг хир дара.

Делахь а, цхьа а бух боцуш язбина болу и харц хаам шуьйра баьржина йоццачу хенахь нохчашна юккъехь а, Европе кхачар даима а шайна хала хила Iеминчу. Ваттаспехула а, социалан машанашкахула а хаза кхаъ санна дIасатуьсу вайнаха цу сайта тIера скрин-шот а йина и информаци.

Дуккхаъчу шерашкахь Европе механа дIасалелаш, визийн хьал дукха дика довза кхиинчу Соьлжа-гIалин яхархочо Сугаипова Заремас дийцира Маршо радионе, Евробертан пачхьалкхашка кхача луучара муьлха кечамаш бан беза а, стенна тIе тидам бахийта беза а.

Сугаипова : „Мелла а лакхара алапа а оьцуш, мел кIезга а, 20 бIе туьмал алсамох, болх бу хьайн аьлла кехат оьшу хьуна, цул совнаха, банкерчу чота тIехь 100 эзар соьмал алсамох ахча а хила деза хьан, ахча дукхах мел хуьлу а дика ду цу чота тIехь.

Цигахь цу консулатехь анкета а юзу ахь. Хьо воьдучу махкахь айха хьешийн цIачохь лоьмар лаьцна бохург тIечIагIдеш долу кехат хила а деза хьоьгахь, цунах ваучер олу. Иштта билеташ хила а деза хьоьгахь, билеташ, бакъдерг аьлча, схьаэцна а доцуш, бронь йина хилча а магадо цара. Цигга консулатехь ахь хьайн шинна а куьйган итт пIелган лораш а дIало.

Цул тIаьхьа масех де даьлча хьо тIе а кхойкхий, цхьа дIакъевлина конверт схьало хьоьга. И конверт схьаеллалца хьуна хьайна виза тоьхна я ца тоьхна хаа йиш яц. Цу чохь хьан паспорт а, виза а хуьлу, - нагахь санна цара иза хьуна хIоттийнехь. ДIаяьккхинехь бакъахь-м дара цара и визийн режим, амма цкъачунна иза чIагIйалар бен, аттачу йолуш-м яц“.

Ала догIу, Евробертаца Оьрсийчоьно визанийн режим дIаяккхаран я, мел кIезга а, иза аттачу яккхарх долу дагаловларш дIахьош дара 2002-чу шарахь дуьйна. Цу хенахьлерчу Еврокомиссин куьйгалхочуо Проди Романос дIахьедар а динера, гергарчу пхеа шарахь Оьрсийчоьнца визанаш йоцуш дIасалеларх болу барт тIеэца там бу аьлла.

Ткъа хIинцачул ши-кхо шо хьалха и дагадовларш мелла а аттачу девла-кх аьлла сатийсам кхоллабеллера, и барт тIеоьцур бу-кх аьлла. Амма 2014-чу шарахь Оьрсийчоьно Украинина доларчу ГIирма ах-гIайренна аннекси яр бахьана долуш и Евроберто Оьрсийчоьнца визанийн хьал аттачу даккхарх долу дагадовларш сацийра.

XS
SM
MD
LG