Карабеъначу беттан 10-чу дийне дIатеттина нохчийн къам дохийна де билгалдаккхар аьлла, официало кхайкхийна масех шо даьллехь а, дукхахболу вайнах, хенарнишша-м муххале а булуш бац, къомана уггаре бохаме, лазаме деъна Чиллан- беттан 23-гIа де дехьа-сехьа даккха гIерташ урхаллехь болчара хьоьгучу къих.
Церан кхетаме бижжане а буьжуш бац и хийцам.
Цунна тоьшаллаш карадо могIарерчу бахархошца хеттаре валарций. Гучудолу нохчийн къам дохадар бIаьстенан тIаьххьарчу беттан 10-чу денца наха аьттехьа а дузуш цахилар.
И хийцамаш бан гIерта кхо шо зама яьллехь а, вайнехан юкъараллехь, мел а баккхийчара и кхетор шалхо йоцуш ду. Новр кIоштера 58 шарера Хьусайн ву хIара жоьпаш луш верг.
10-чу дийнахь хIун хила деза?
Хьусайн: «ХIумма а хила а ца деза. Суна хууш-м ца деза. 10-чу дийне дIатеттина а? Нах бело хIума ма ду иза-м! Дош доцу хIума ду».
Кху беттан 10-чу денца хIара я иза аьлла цхьа а мехала хIума доза бахьна дац аьлла тешна волчех цхьа ву Шелан кIоштера пенсахо Хизриев Абу а.
Хизриев: «Адам дохийна, даржийна де хийца йиш йолуш де-м дац суна хетарехь. Соьга кхеталуш, суна чудуьжуш дац ахь дуьйцург. И муха дуьжу? 60 шарахь сов ваьхна волу со, тахана соьга хIинццалц ахь кхетийнарг нийса дац,к хин дIа йолчу хана ишта хила деза бохуш хилча цунах хIун хуьлу?»
Кху беттан 10-чу дийнахь хIара а, хIара а маьIне хиламаш дIабахьа лоьруш ду меттигера Iедал бохучу хаттарх даггара цец а волуш хIетал-метал хиллачех цхьаъ ву 67 шо долу Шелковск кIоштера вахархо, къанваллалц даьхнешца къахьегна Нуради.
Нуради: «Дохийна де дIасатетта йиш йолуш ду? Хьоьгахь бен суна-м ца хезна! И стенна тоьттуш ду дIаса?! Халкъана шена ца хаьа, ша маца дохийна а, махках маца даьккхина а? Соьга хаьттича и лартIа дац».
Дохийна къаьмнаш кхин а ду нохчий боцуш. Царна цхьанне а дуьненахь дагадеъна дац Нохчийчохь санна хийцамаш бан. Ишта хIума муха тарло,муха магадо? Цу кепара хьулам а ца беш цецвуьйлу цигга Шелковск кIоштера ахархо Мусаев Ширван а.
Ширван: «И дIататтар а, дехьа даккхар бахьана хIун ду! Тхо доцуш кхин а ма ду дохийна къаьмнаш. ГIезалой а бу, балкхарцаш а бу. Цхьанне а дагадеъна хIума дац, шайга бала боссийна денош дехьа сехьа тетта. Кхара лелочух со-м ца кхуьу. 70 шарахь гергга 23-гIа де дара иза… Нах кхардо хIума ду-кх».
Бахархошца хеттаре вийларо ма-гайттара, гIеметта хIиттинчу а, хенарчу а нахалахь банне а боцу хьесап ду къам дохадар кхечу терахье дерзо гIерташ, йохуш йолу гIулчаш нийса лоруш берш.
И саннарш бацахь а, Iедалдайша тIетаьIIина кечам беш бу кху беттан 10-чу денна. Кху Стигалкъекъачу беттан 4-чу дийнахь дуьйна массо маьждигашкахь деша долийна къурIанаш, ткъа доккхачу маьждигахь и дешар сацош дац дийнахь –буса а.
Ишколашкахь, кхечу доьшийлахь къам дохийна сингаттаме де бахьнехь дIахьуш цхьаьнакхетарш доцуш, цу дийнахь даккхий сагIанаш даха, мовлидаш дешийта, чIагре зуькарш дайта лоьруш ду меттигера Iедал.