ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Толман де даздина Москох


Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаша гайтам белла Москох Советан пачхьалкхо фашистийн Германина тIехь 71 шо хьалха толамбаккхар даздеш. ЦIечу Майданехула чекхваьлла 10 эзар эскархо, 150 гIагIадиллина а, герз лелош йолу а машен, ракетийн системаш.

Иттаннаш кеманаш дара стигалахь. Терроризмаца латточу къовсамехь цхьаьна хиларе кхайкхира дуьненан юкъараллаш президенто Путин Владимира. Шайн гергарчу ветеранийн суьрташ карахь чекхбевлира эскарел тIаьхьа гайтамехь шахьаран бахархой.

Царалахь вара, шен ден сурт а карахь, Путин.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG