ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемалойн тобанехь латтарна бехкейо ГIалгIайчуьра яхархо


ГIалгIайчуьрчу яхархочунна дуьхьал дов айдина, цо тIемалойн тобанехь а йолуш, бомба кечйина, Iедалан белхалочунна зен а дина, аьлла, хаамбина Талламан комитето. Цо бахарехь, дахначу шеран гурахь шен машенца, оьккху коьчал а йолуш, лаьцна зуда Несарахь.

Ша сацаяле, полисхочунна машен тIетоха гIоьртина иза, аьлла ду талламчийн сайта тIехь. 31 шо ду лаьцначун. Гурахь баржийна хаам бара, Несарахь лерина барамаш дIахьош ницкъахоша вийна гIалгIайн тIемалойн баьчча Махаури Беслан а, Несарарчу тIемалойн лидер Ведзижев Илес а, церан машенца йолучуьра лаза а йина караеана тIемалошца зIе латтаен зуда а, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG