ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европехь турсаш хIиттош ю Iамерка


Европехь баллистикан ракеташна дуьхьалоечу Атлантикан альянсан турсашлахь уггаре йоккха объект хIоттон йолийна пIераскана Полшехь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа.

Вашингтоно турсан Iалашо ю боху ГIажарийчоьнан кегийчу а, юккъерчу а геналлин ракеташна дуьхьалояр. Кремло кхечу кепехь туьду и Iалашо: цунна хетарехь, Оьрсийчоьнан ракетийн стратегикаллан баланс йохо гIерта НАТО.

Москох реза яцахь а, еарийдийнахь Румынехь турс дIахIоттийна Цхьанатоьхначу Штаташа. Цхьа шо ах шо ду Полшерчу Резиковохь турс кхуллуш хIинца болийна болх берза – Оьрсийчуьрчу Калилинградна 250 чаккхарма гергахь лаьттар ду и турс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG