ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоь-Европа: визанех долу дийцарш


Европаца визанаш юкъара яхарх лаьцна дIахьочу дийцаршкахь толам хир бу аьлла ца го шена, аьлла, дIахьедина Евробертаца юкъаметтигаш лелаечу туркойн Iедалерчу министро Бозкыр Волкана пIераскана.

Оцу хьокъехь Евробертан комиссарца Хан Йоханнесца къамел дирзича дийцира журналисташка Бозкыра. Евроберто визанаш дIайохийла а, Европан Берте Туркойчоь оьцийла а лаахь, декхарейо Хонкара, кхидерг доцуш, махкара терроризман проблема а дIаяккха.

Ткъа туркоша, президента Эрдогана а тIехь, Евробарт бехкейо, цо хьашт йоцу духьалонаш гIиттийна бохуш. Евроберто иштта бехкейо Туркойчоь цигахь журналисташна гатто латторна а, Iедалан ойланца боцчу нахана гIелоярна а.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG