ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элдин Микаил. Ахь бехке вина со...


Ахь бехке вина со... Со-м хили бехкана къера,

Ловзаме шовда ца лакъарна хьо йоьлуш хезча,

Мокхазан цу бердах кол яла ца туьгун дела,

Я дагахь дисарна хьоь ала мел лиъна дешнаш...

Сох муха хир вара сел хазчу хьан бехк ца лайнарг?..

Ахь бехке вехьа со... Сино шен аьрха дог санна,

Гаттам шен ца лайна дог лазар ца хеташ толам.

Беро ког левзинчу байтIера лар санна вайна,

Хьох илли ца яздеш... Кхоийна сайн дог, я къолам,

Сох муха хир вара хьан дагчохь лазаман гIаларт?..

Ахь бехке вехьа со... Лам чехон хIорд санна хазлой,

Хуушшехь цу бердийн чIагIаллехь шен кхоллам буйла.

Сайна хьо дуьххьара хазйинчу гуьйренан марзо,

Ас дагахь латтор ю, собаран лакхене вуьйлуш.

Сох муха хир вара хьан дегабаамийн орам?..

Ахь бехке вина со... Амма со бехке ву алий,

НеIалт ма алалахь лазаме делахь а къастар...

Сайна хьо еларх ас йоьттина аьнгалин гIала,

Сан иэсехь йиталахь безаман бIарлагIах латта...

Со муха вехар ву хьоьх дагалецам а боцуш?..

Элдин Микаил нохчийн поэт.

XS
SM
MD
LG