ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Джалалдиновна а, цуьнан доьзална а ханна баха хIусам нисъе аьлла омра дина Абдулатипова.


Джалалдинован дагийна цIено
Джалалдинован дагийна цIено

Дагестанера делегаци Нохчийчуьрчу суьли бехачу Кенхи юьрта яхана, еана тахана, стигалкъекъа-бетта 17-чу дийнахь. Уьш цига бахийтинарг Дагестанан куьйгалхо Абдулатипов Рамазан вара. Делегацин Iалашо яра Кенхирчу бахархойн адамийн бакъонаш ларъяр муьлхачу тIегIанехь ду таллар. Цуьнан декъашхочо дийцарехь, меттигерчу бахархойн бакъонаш талхийна хилар гучу ца даьлла. Цо кхиндIа а тIетуьхира, Дагестанан куьйгалхочо цIено дагийначу, Кенхера Дагестане ведда волчу Джалалдиновна а, цуьнан доьзална а ханна баха хIусам нисъе аьлла омра дина.

Ала догIу делегацин декъашхой бара виц-премьер министр Джафаров Рамазан а, парламентан гIентден куьйгаметта Ахмедов Сайгидахьмад а, Дагестанан куьйгалхочуьнан хьехамча Магомедов Сулейман а, кхинберш а. И хаам бина Дагестанан Iедалан зорбан-сервисан векала Кавказ- Узелан журналисте.

XS
SM
MD
LG