ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гериханов Ихван деза дукъ шен лаамехь шена тIеэца реза ву


Нохчийчоь
Нохчийчоь


Цхьа кIира сов хьалха, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, махкахь мел волу кхелхо схьа а гулвина, юьхь ягош, царах цхьаберш, миска нах хьийзочу террорхошца цхьана а нисбеш, къамел дича, кхеташ дара, оцу системехь хийцамаш хир буйла. Низамца, регионан куьйгалхочунна бакъо яц федерала кхелхо балхара вохо. Амма мехкан куьйгалхочо цхьаъ юьхьарлаьцча, цуьнан кIелара гIант ласта доладелий дукха дикка хаьа муьлхха а даржхочунна. Цундела, и гIуллакх кхин гена а ца долуьйтуш, Лаккхарчу Кхелан куьйгалхочо Каратаевс а, кхиъ цхьана кIоштан кхелан куьйгалхочо а, шаьш, шайна лаамца балхара дIабовлу аьлла кехаташ язйина.

И дарж мукъдаьлла аьлла хаам баьржича, цига ваха шен лаам бу аьлла дIахьедар дина, нохчийн вевзачу юриста Гериханов Ихвана. Иза, еххачу хенахь, махкахь а, дозаналла арахь а кхелан системехь болх бина ву. Вайнехан Iедалехь догIуш дац, ша хьалхатаьттар, амма кхелан харцонех нах ларбархьама, деш ду иза ша аьлла, дуьйцуш ду цо, социалан машанехь даржийначу дIахьедарехь. Маршо радиога цо иштта элира цу хьокъехь.

Гериханов: «Цигахь долчу хьолах кхета со. Миска нах, шаьш мича баха беза а ца хууш, уьш хьийзош бу. Низамхоша хийзорх-м кхеташ ду, амма, церан пусар деш цхьа а кхелхо вац. Соьга дукха аьрзнаш до. ХIора дийнахь 30 гIуллакх луьсту. Со-суо а кхелхо хилла дела хаьа суна, 2-3 гIуллакх бен цаьрга далура доцийла. Эцца, шай хьалхе дийцина, раьгIнаш а йина, чекхдоккху. Бухдиллина хIума ца хилча, дов чекх ца долуьйту цара».

Тахана, Нохчийчохь болх бечу кхелахойн хьелаш дика дац аьлла хета Гериханов Ихванна. Массо а агIор, царна Iаткъам бу хуьлуш. Цундела, и болх, кхечу, лаккхарчу тIегIане баккха беза, бохуш кхин дIа а дийцира цо.

Гериханов: «Iедал юккъе а гIерташ, ахь хIара ца дахь, оха къаьхь де дийр ду хьуна бохуш кхерамаш туьйсуш буйла хаьа суна. Гена ваха а ца оьшу. КIоштан полицийн куьйгалхочо телефон а тухий, кхелхочуьнга, хIара де- важа де олу. Кхелхойн а ма ду къа. Доьзалш а бу. Кхоьру тешнабехках. Царна хьалхавала стаг веза. ТIаккха цара болх а бийр бу, бан гIертар а бу».

Гериханов Ихван тахана дуьненаюккъерчу арбитражан кхелан куьйгалхочунна хьалхара гIовс ву. Иштта, иза болх беш ву Дуьненаюккъера экономика кхиоран цхьанатохараллехь а. 1998 шарахь цо Конституцийн кхелан куьйгалхочунна дарж охьадиллинера, ШарIаца догIуш ду бохуш, Соьлж-ГIалахь масех стагана тоьпаш тоьхначул тIаьхьа. Шена хаьа боху цо, Нохчийчоьнан Лаккхарчу Кхелан куьйгалхочунна дарже ша хIоьттича, хIун халонаш хир ю.

Гериханов: «Сайга и болх схьабелча, ас хIун дийр дара? Ша верриг схьа а гулвина: хьо а, хьо а , дIавала веза. Ахь, со адвокат волчу хенахь соьгара ахча эцна, бохуш юьхь дуьхьал дIаэр дара. Цу юкъахь оьрсий а бу. Селхана прокурор хилларг, вайнахана тIехь ницкъ бина ву. Цкъа а хир вац, селхана хиллачу талламхочух а, прокурорах а кхелхо. Хьалха нах дIа а лоцуш, бехке бан гIиртинчу нахах хир бац уьш. Ас сайн дIахьедар динчул тIаьхь, соьга аьлла, хьалха дуьйна оцу дарже цхьаъ билгалваьккхина ву хьуна, хьайн корт лаза ма баккха аьлла. Иштта хила а мега, ца хила а мега. Амма сайга и болх схьабелча, Делан пурбанца, низам а, гIиллакх а хьалха а даьккхина дIахьура-м бара ас иза».

Ала ца хаьа, Нохчийчуьрчу Iедалша, муха тIеоьцур ду, Гериханов Ихвана, ша Лаккхарчу кхелан куьйгалла кховдор. Иза вевзачу наха, цуьнан лаккхара мах хадабо-иза бакъонна тIегIерташ, гIиллакхца а, низамехь чекхавер волуш стаг ву, бохуш. Ткъа, иштачу амалца, цуьнга мел балур бу Нохчийчохь болх- кхин тайпа хаттар ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG