ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан дешаран системехь керла хийцам


Нохчийчоь -- Бераш ишколан кертахь ловзуш ду
Нохчийчоь -- Бераш ишколан кертахь ловзуш ду


Цхьана пачхьалкхан олаллин кIел а йоцуш,я йозаелла а йоцуш,цхьа бов,шакаьстина Нохчийчоь ехаш йолчух тера,кест-кеста кIадо йоцуш гIулчаш йоху махкахь. Цу могIарера лору дукхахболчара суьйренан ишкол хьокъехь кхузахь бан лоьру хийцамаш а. «Тахана Нохчийчохь болх беш мел йолу 15 суьйренан ишколаш дIакъовлур ю,церан декхарш дIалур ду дийнахь йолчу юккъерчу доьшийлашка. И тайпа хийцам-реформаш дIаяхьар стохкалерчу дешаран шарахь а дийца даьккхинера, ткъа хIинца хадам боллуш сацам бина цу декъехь цхьалхо яккха». Ишта бу ишколийн хьокъехь официала Iорабаьккхина хаам. И хаттар дийцаре дина Iедалхоша леррина дIаяьхьначу кхеташонехь а. Iедалан хьостанаша чIагIдарца суьйренан ишколан сел декъаза чаккхе хиларан бахьанаш дуккха а ду: цигахь деша бала кхочурш кIезиг хилар,чот йоцуш дукха харцонаш лелаяр, дешархойн хаарш ледара хилар. Цигахь доьшуш болчу кхиазхой стохка экзамен дIаелларш 17% бен вац боху дешаран министараллин хьостано.

Карарчу хенахь цу, суьйренан ишкол олучу доьшийлехь дIаязвинарг ву 7.550 эзар кхиазхо. Хьалхалеррачу ишколашка дIабаха уьш кийча а,я лууш буй те? Дай-наношна хIун хета техьа цу хьокъехь? Барам а боцуш дукха ду жоьпаза дуьсу хеттарш. Уьш дIайохийла дан а дац. Нагахь цхьана кIоштехь боцурш дIа а язбеш хьарамлонаш лелош, харц ахчанаш дууш делахь, Iедало талламаш а бина таIзарш дан деза бераш а ца хьийзош, боху хьехархоша. Царех ю 25 шо сов бераш кхетош-кхиорна дIаделла Соьлжа гIалин кIоштера Луиза.

Луиза: «Ишколаш дIайохийла дан а дац,нагахь тхо Оьрсийчохь дехаш делахь. Нохчашна деша магош долу низам,бакъо хьарам йина –м яц? Хьехархоша лартIахь болх ца бахь цаьрга и байта Iедал хила деза-кх! Берийн цхьа бехк бац!»

Хьехархоша даре до. Нагахь ишколехь шиъ 9-гIа класс елахь,царех ах бен 10-чу классе богIуш бац. Вуьйш суьйренан ишколашка боьду. ТIаккха вукху кхиазхоша хIун дан деза?

Луиза: « Уьшший,уьш хьуьнах гIур бу-кх! Кхин цара хIун дийр ду? Карахь кехат-бакъо ца хилча цара хIун дан деза? Цу берийн ледарлонна а доцуш,дай-нанойн бехкенна дешарна юкъара дилийна бераш дукха ма ду. Ишколе дахийта таро яцарий, тхо гена балха дахана дарий бохуш. Ишта ишколера юкъардаьхна бераш дукха ма ду республикехь. Церан къа дац?. Церан бакъо ларьеш низам дан а дац? Астаховс дуьйцург а, Оьрсийчоьнан 120-чу низамо бохург а, тергамза а дуьтуш,нохчийн берашна таIзар деш дерза деза те? Берийн хIун бехк бу Iедал ца хилча! Хьехархошна тIехIиттийна шортта хьааькамаш хилча, сунна уьш бехке хета-кх ишколаш лартIахь болх цабарна. Цаьрга жоп деха деза-кх,берийн мА бац бехк!»

Кхечу кIошташка суьйренан ишколехь кхоьллинчу хьелашна ша юкъара вац, бакъду кху тIаьхьарчу шерашкахь шайн Теркйист кIоштехь кхиазхошна хаарш даларехь партал ца Iийна хьехархой боху юьззина шен цIе йоккхийла ца лиъначу историн говзанчо Денис. Ишта бу тхой шинан къамелан чулацам.

Дени: « Кхечу кIошташкахь дерг ала-м хаац сунна,амма тхан кIоштехь кху тIаьхьарчу 3-4 шарахь,тIетаьIIина болх бина суьйренан ишколашкахь. Дера бина, кхиазхой дешарх дIа ца хадийта гIерташ, кетIа а хIуьттуш, кIант я йоI ишколе ца деъча, дай-наной са а гатдеш, къахьегна оха-м. Сихаллехь гIулчаш а ца йохуш, ойла а йина хIума дийр ду аьлла дегайовха дут хо-м. Хуур ду-кх».

Суьйренан ишколаш дIайоху аьлла махкахь яьккхинчу гIовгIанна гонах деш долу къамелаш марсадовлар бен лахлуш дац. Iалашо мухха елахь а, массара а бохург санна мага ца до, къомах дагадовлар а доцуш, дешарехь, Iилма Iаморехь сел аьрха, челакхе, хийцамаш юьхьарлацар

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG