ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь лийцнарш бу, цIерш яц


ГIалгIайчоь -- нах хьийзоран дуьхьал йолчу комитетан динчу тIелатаран къалах яьккхинчу филман дакъа.
ГIалгIайчоь -- нах хьийзоран дуьхьал йолчу комитетан динчу тIелатаран къалах яьккхинчу филман дакъа.

ГIалгIайчохь стигалкъекъа-беттан 21-чу дийнахь 4 стаг лаьцна шех исламанан пачхьалкх олучу тобанан декъашхо хиларна шеконехь волу, хаам бо къоман терроран дуьхьал йолчу комитетан хаамийн центро. И виъ стаг ГIалгIайчоьнан вахархо ву. ГIалгIайчуьрчу низамхоша чIагIдарехь, и виъ стаг Iедалехь болх бечу нахана тIелатарш дIадахьа кечамеш беш вара. Къоман терроран дуьхьал йолчу комитетан хаамийн центро кхиндIа хуьийту Назранан кIоштехь герз къайлах Iалашде меттиг а карийна хилар. Цу чохь тайп-тайпа лоьлхуьйту хIуманаш а, тайп-тайпа тоьпаш а, тапчанаш а, 2000 гергга дIаьндарг а карийна, дIахьедо къоман терроран дуьхьал йолчу комитетан хаамийн центро.

Шеконехь болчу террорхойн цIераш цкъачунна яла ца йо низамхоша. Церан векалшкара яц цкъачунна комменташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG