ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин дIа а президентан харжамашкахь дакъалаца бакъо хир ю Рахмонан


Таджикистан -- Референдум, 22Стиг2016
Таджикистан -- Референдум, 22Стиг2016

Таджикистанехь хиллачу референдумехь тIеэцна цхьамогIа Конституцин хийцамаш. Цара аьтто бийр бу президентан Рахмон Эмомалин юха а цу дарже хIотта, цхьа а тоьхна зил а боцуш.

Цул сов, хIинца президентан харжамашкахь дакъалаца бакъо 30 шо кхаьчначу республикан вахархочуьнан. Хьалха цуьнан 35 шо хила дезаш дара. Говзанчаша дийцарехь, цу гIуллакхо аьтто бийр бу Рахмонан кIента 2020-чу шарахь президентан харжамашкахь дакъалаца.

Таджикистанан харжамийн коьртачу комиссин куьйгалхочо Худоерзода Бахтиера бинчу хаамца, конституцина тIехь хийцамаш бан беза аьлла кхаж тесна 94 процент цу референдумехь дакъалаьцначу наха. Ткъа берриг а кхаж таса баьхкина хилла 92 процент харжамхой.

Рахмон Эмомали Таджикистанан президент ву 1994-чу шарахь дуьйна. 2003-чу шарахь цу махкахь референдум хилира пачхьалкхан куьйгалхочо президентан даржехь йоккху хан 5 шарера 7 шаре яхъеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG