ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каляпинна дуьхьал зулам диначех


Ши бутт хьалха Соьлж-ГIалахь бакъоларъярхочунна Каляпин Игрона тIелетта нах озор бац жоьпалле, аьлла хета цунна шена. Ишта боьрзур бу нохчийн талламчийн болх, аьлла, прогноз йина Дуьненаюкъарчу кризисан тобан а, Мохкох ХIелсинкин тобан а куьйгалхоша Пахоменко Варварас а, Борщев Валерийс а.

Талламан комитето хьалхо бехктакхаман гIуллакх ца айдеш дитинера Каляпинна дина тIелатар, амма Нохчийчоьнан прокуратурано, оцу сацамна реза а ца хилла, хилларг юха а листа декхарейина Талламан комитет.

Иза дерриг а формале ловзарш ду, цхьанне а дина таIзар а доцуш, доьрзур ду дов, аьлла прессехь Каляпин Игора.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG