ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Спортах доцца


Якутскера чемпионат
Якутскера чемпионат

ПаргIатчу кепара охьатохарх латар: Кху беттан 27-чу тIера 29-гIа де тIекхаччалц паргIатчу кепара охьатохарх латарехула Оьрсийчоьнан чемпионат яра Якутскехь дIахьош. Цигахь нохчийн латархой бара дакъалоцуш. Царах Болтукаев Анзора (97 кийла) хьалхара меттиг яьккхира, ткъа Косумов Исраила а (65 кийла) , Дукаев Бекхана а (125 кийла) - шолгIа меттигаш ехира; Отарсултанов Джамала а (57 кийла), Хизриев Анзора а (125 кийла) кхоолгIачу меттигах тоамбан бийзира. ХIинца Болтукаев Анзор коьрта кандидат ву Бразилехь хин йолчу Олимиадехь дакъалаца. Ала догIу, Дагестанера спортсменаш чемпионатан хьалхарчу дийнахь цу чемпионатехь дакъалоцучуьра севцира, церан спорстмен кхелхочун гIоьнца эшийначул тIаьхьа. Йинчу харцонна дуьхьал йина протест яра цара дакъа ца лацар.

Еза атлетик: Ши нохчо тоьлла Владикавказехь езачу атлетикехула хиллачу Оьрсийчоьнан чемпионатехь: Малигов Адам а (94 кийла), Аухадов Апти а (85 кийла). Кху беттан 23-чу дийнахь дIайолаелла и чемпионат 30-чу дийнахь чекхъер ю. Цу шимма баьхна толамаш мехала гIулчаш ю Олимпиадехь дакъалацарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG