Монро Мерилинан 36 шо долуш хеназа Iожалла хилира. Дуьнена тIехь яьккхина зама йоца хиллехь а, малхбузерчу синбахамаллина цо бина тIеIаткъам чIогIа кIорга а, мехала а бара. Iамеркехь кино актрис санна дукха а баьхначу кхиамийн а, похIмийн а, шатайпа башхачу хазаллийн бахьанехь, шен оьмрехь икон тайп символ хилла дIахIоьттинера иза. Тахана а лору иза Малхбузено хазаллин масал, хьовхачу иэсаца дагалоьцу. Цунна сийнна лерина гайтамаш дIахьо дуккха а пачхьалкхашкахь.
Мэрилин Монрон (мангал-бутт 1, 1926 – марсхьокху-бутт 5, 1962) тахана 90 кхочур дара.
13
Испани -- Барселонехь а дIабаьхьира Монро Мерилинан суьртийн гайтам 2005-шеран гезгмашин беттан 15-чу дийнахь.
14
Мерилинан хазаллех хьегаш лаьтта техьа хIара Полшера зуда?
15
Монро Мерилин иэсан хьурматна Парижехь хиллачу гайтаме а баьхкира дуккха а парижхой.
16
Нохчийчохь болчух тера ду Монро Мерилин хаза хета нах, Соьлж-ГIала, 2015-чу шеран заздоккху беттан 10-гIа де.