ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин цхьа нохчо а ву тIеман кхеле кхачош


Нохчийчоьнан вахархочунна Айдамиров Сулейманна духьал айдина бехктакхаман дов кхеле кхаьчна. Долахь герз лелорна а, хьалхо Шема ваха гIертара аьлла набахте хьажийначу цхьанна ахчанца гIодарна а бехкево иза.

Дов луьстур ду Къилбаседа Кавказан тIеман кхело Ростовхь, хаамбина Нохчийчоьнан прокуратурано. Стокха лецира Айдамиров Сулиман, ткъа герзаш цо лелийна боху 2008-чу шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG