ТIекхочийла долу линкаш

Батаева Хеда


Некъ кхачабелча

Некъ кхачабелча,
Ас кхин некъ буьллур бу,
Хьун кхачаелча,
Ас дитташ дугIур ду.

Аьнгалин бошхепахь
Ца баьлла бай буьйцуш,
Са кхачалучохь,
Цхьа илли кхуллур ду.

Ас сийна ойла
Мукъаме ерзор ю,
Ас можа гуьйре,
ГIаш Iенош елхор ю.

Ас цIеран меттана
Сайн дог а латийна
Сайна тIебогIу
Некъ серлабоккхур бу.

Сан бIаьргийн серло
Кхоьлина хеталахь,
Суна тIебогIу
Некъ ахь ма биталахь.

Сан бIаьргийн серло
Бодано мийлина,
ГIелделла бIаьргаш
БIаьрахиш къийлина

Батаева Хеда. Байтанча. Нохчийн яздархойн цхьанакхетараллин декъашхо.

Йина 1970-чу шарахь ГIойчу (СаIдин-кIотар) юьртахь. Чекхъяьккхина Соьлжа-гIалин Хьехархойн Училище а, Нохчийн Пачхьалкхан Университетан филологин факультет а. Дуьххьара зорбане яьлла 1984-чу шарахь "Орга" альманах тIехь. Байташ зорбане йийлина масех юкъара гуламна тIехь: "ТIома лакхе", "Ма деха дара и Iа", "Малх лаьцначохь", "Нана Нохчийчоь". Иштта дийцарш а, байташ а зорбане йийлина "Орга", "Вайнах", "СтелаIад", "Нана" журналаш тIехь а, газеташ тIехь а.

Арсанукаев Шайхи яздархойн цхьанакхетараллин куьйгалхо волуш, 1993-чу шарахь Хеда цуьнан декъашхо схьаийцира.

Шен гулар арахеца Нохчийн издательстве дIаелла байташ 1995-чу шарахь егира Хедин. Ткъа 2002-чу шарахь гулар арахеца йоьлча, Iедало беш хиллачу бехкамашна реза а ца хилла Хедас шен байташ юхаийцира.

Болх бина ГIойчу юьртара а, Олхазар-кIотарара а ишколашкахь а, "Орга", "СтелаIад" журналийн редакцешкахь а, телевизионехь а.

1985-чу шарахь, Нохч-ГIалгIайн республикан поэтийн конкурсехь 2-гIа меттиг яьккхира Хедас шен пхийтта шо долуш. Ткъа шен шийтта шо долуш, шен дуьххьарлерчу байташца "Пхьармат" цIе йолчу нохчийн яздархойн цхьанакхетаралле а кхечира Хеда, шен ишколерчу хьехархочо Исламов Мохьмад-Салахьа шеца цига йигна. Цигахь Хедина дуьххьара бевзира нохчийн тоьлла болу яздархой а, поэташ а: Яндарбиев Зеламха, Бексултанов Муса, Шайхиев Iалвади ("Пхьарматан" куьйгалхо), Джумалаева Лула, Цуруев Шерип иштта кхиберш а.

Тоьлла болу нохчийн меттан а, литературан а хьехархой хилла Батаева Хедин ишколехь а, Хьехархойн Училищехь а, Университетехь а: Бисултанов Апти, Озниев Хьусайн, Итаев Бауди, Джамалханов Зайнди, Вагапов Iарби, Джамбеков ШаIрани иштта кхин а.

Карарчу хенахь ехаш ю Францехь.

XS
SM
MD
LG