ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

УЕФА таIзар дан лерина ю Оьрсийчоьнан футболан тобанна


Дуьненаюкъарчу футболан вовшахтохаралло УЕФА-но низам дохорна дисциплинаран гIуллакх айдина Оьрсийчуьрчу футболан юкъараллана дуьхьал. Марселехь ингалсан а, Оьрсийчоьнан а футболан тобанаш левзинчул тIаьхьа, оьрсийн фанатийн ингалсхошца вовшахтасадалар бахьаненна схьадиллина и гIуллакх.

Хиллачу оцу къепедацаршкахь лазийна 30 стаг, 50 шо долу Британин вахархо дарбанан цIийнехь кхерамечу хьолехь Iуьллуш ву.

Оьрсийчоьнан спортан министро Мутко Виталийс конфликт эккхар буьрканах ловзучу стадионехь кхерамзаллин хьал ледарчу тIегIанехь хилар ду, аьлла дIахьедина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG