Флоридерчу гей клубехь 50 стаг вийначу Iамериканхочо герзанца тIелатар дале хьалха орца доьхучу полицин номер тIе телефон тоьхна, дIахьедар дина хиллера ша Исламан пачхьалкх шех олучу тобана баят дина, алла. И хаам баржийнарг Iамеркан чоьхьара кхерамзаллина вовшахтохаралла ФБР ю. ФБР-о бечу хаамца, и тIелатар динарг 29 шо кхаьчча Iамеркехь вина а, кхиъна а ОвхIанерчу мухIажаран кIант Матин Омар вара. Хиллачу тIелатарна жоьпалла шена тIеэцна Исламан Пачхьалкх шех олучу тобано. ХIинца ФБР Исламан Пачхьалкх шех олучу тобано иза тIеман корматаллина Iамийна, я цунна хьехарш дина хилар толлуш ю. Тахана билггал хууш дац Матин Омар цу тобан декъашхо хилий.
Матин Омар - ИГИЛан декъашхо?
