Масех де хьалха ГIалгIайн махкахь, Обаргийн-эвлахь, оьрсийн маттахь Троицкая станица олучохь, меттигерачу цхьана вахархочо шен цIахь маьждиг динера. Иза лаьрра вара, цу чохь хIора ламаз дарал сов, рузбан нах а гулбан. ХIинца и стаг зIене ца волу цхьанцца а, амма, дийцарехь, цуьнан чам баьлла хилла, меттигерачу диндайшна юкъахь долу девнех. Далла Iамал, шен кертара, шен доларчу маьждигара дан воллура иза.
Iедалшка и хаам кхаьчча, Магасера омар делла, и маьждиг дIадаккхийтина. Бусулбачу нахах дIа а къаьстина, ша рузба а деш, юьстахвалар, цхьанна а агIора мегаш дац аьлла, дIахаийтина оцу стагана. Салафийш, цхьаболчара вахабиташ олучарах, доккха зулам долу. Иза цхьана кавказехь хилла а ца Iа, и болам дерриге а дуьненехь баьржина бу аьлла, Маршо радиога дийцира къона Iилманчас, Мисарахь доьшучу Абадиев Мусас.
Абадиев: «ХIинца, цхьа баккхий Iелам нах а гулбина, дуьненаюккъера цхьа конференци дIахьочу хенахь, цаьрга, шу долчохь муха ду бусулбачу динца гIуллакх, аьлла хаьттича, цара олу, ша дерриг дика дара, амма оцу вахабитех боккха бала бу шайна. И бал дерриге дуьненахь бу. Бусулбачу нахана юкъахь уггаре а барт бохош долу хIума ду, цххьаммо, вукхуьнга хьо бусулба вац алар».
Нохчийчохь, цхьааллехь вовшах а кхетта, хьалхарчу тIамехь толам баьккхича, шолгIачунна юьхьехь, иза декъа а декъна, боккха бохам бира, оцу вахабиташ, аьлла хета Iелам стаган Абадиев Мусан. Ткъа, тахана ГIалгIайн махкахь, царна паргIато ю аьлла, кхин дIа а дийцира цуо.
Абадиев: «Вай махкахь долу хьал дийцича гуш душ а дерриг. Нохчийчохь хьалхара тIом дIабаьлча, вахабистийн тоба чу а еана, доккха зулам а зе дийр цара. ГIалгIайн махкахь долу хьал вай дийцахь, гуш ду, тайпанаш, доьзалш цара боькъуш буйла. Схаьдуьйлу, шай бакъо схьайица аьлча, ца богIу дуьхьала. Воккха стаг ву иза, суна сайна хезна цо олуш: хIорш сан бусулба вежарий бу, ткъа шу сан тейпан вежарий бу. Шайна луург де аьлла, бакъонаш царна дIаелла кху махкахь».
Бусулба наха, шайна юкъахь, цхьацца боламашка бекъабалар, цхьана арахьара урхалла а деш, лелош хIума ду аьлла хета дукхачу тергамхошна. Ша шех, хIоьттина хIума дац боху иза царах цхьаболчара. Историкан Ибрагимов Мохьмадан хетарехь, оцу къестамаша, кхин дIа а бахбан мега къоман тIехь лаьтта бохам.
Ибрагимов: «Вайна оьшуш хIума дацара тобанашка бекъабалар. Керта деш долу маьждиг а ца оьшура суна. ХIинца а шина-кхаа декъе бекъа а белла, хьийзаш ма ду вай. Иза кегадойтуш ду Iедална хьалха бевлачу наха. Церан болх бу иза».
Кавказехь шо шаре мел долу, хьал чолхе дала мегаш сурт хIутту. И шуьйра бохам хилахь а, вахабиташ, оцу юкъахь тIаьххьарчу меттехь хирг ца хиларна шеко яц цхьанна а.