Кху беттан 7-14 деношкахь Анапехь 17-18 шераш долчу кегийрхошлахь дIаяхьанчу боксехула Европан чемпионатера дашо мидалш яхьаш цIа веана ши нохчо боксоьр. Устрада – ГIалара Хамзаев Беслана туьлира 60 кийла дегIан йозаллехь, финалехь ирландхо а эшийна. Гуьржийчоьнан векал волчу Мадиев Эскархана а яьккхира хьалхара меттиг. Цуьнан дегIана йозалла 64 кийла яра.